Ший а книга мехала ю

Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнан актови зала чохь поэтессин Сулейманова Зайнапан шен дех Сулейманов Ахьмадах лаьцна язйина «Лаьтта тIехь беркате лар» книга а, берашна лерина «ДоттагIий» книга а йовзийтар дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Гудаев Лоьма, Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, иштта бевзаш болу нохчийн яздархой, кхиберш. Цхьаьнакхетар дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.

IMG_2008

Сулейманов Ахьмадах лаьцна книга араялар доккха совгIат ду нохчийн къомана. Яздархо, поэт, художник, Iилманча, доцца аьлча, шен къоман кIант вара иза. Цундела, къаьсттина хазахета цуьнан йоIа Зайнапа цуьнан архив ларйина хилар. ХIокху махкахь цунах дош аьлла хилла волчу массо а стеган статьяш схьа а гулйина, уьш вовшах а тоьхна, книга араяккхар – иза хьуьнар оьшуш хIума ду. Ткъа и хьуьнар Зайнапехь хила а хилира. Собар, къинхетам, дегалазам – и дерриге а цхьаьнаийна ду оцу книги тIехь. Цуьнца цхьаьна кхин а цхьа хаза кхаъ хилла Зайнапан шен книга араяьлла хиларх. Цуьнан говзарш вайна евзаш ю. «Орга», «СтелаIад» журналаш тIехь зорбане йовлура берашна лерина долу цуьнан дийцарш, туьйранаш, байташ. Уьш вовшахтоьхна книга зорбане ялар вайн берашна доккха совгIат ду. Зайнапан ши книга араяларца иза декъал а еш вистхилира Гудаев Лоьма.

– Куралла яр иза вайнехан амалх дац, амма, ахь куралла кхечунах яр иза цуьнан мах хадор ду. Тахана вайн къоман куралла, дозалла ду Сулейманов Ахьмад. Суна сайн дахарехь Ахьмад мила ву аьлча, Риман, Желтойчоьнан (Грецин) истори хиъча дозалла ду бохуш, жималлехь со лелачу хенахь, вайн къоман истори йовза лиъна «Нохч-ГIалгIайн топоними» книга ешча, со сайн къоме верзийнарг ву иза. КIорггера Iилманан болх бу иза. Фольклор, культура, гIиллакхаш, Iадаташ нохчаша муха леладо а, уьш муха, мичара кхолладелла а яздина ду цу тIехь. Шина-кхаа могIанех лаьтташ белхаш а бу цу тIехь. Иза боккха кхиам бу вайна, – элира цо.

Сулейманов Ахьмад дагалоцуш дош элира Ибрагимов Кантас.

– Вайн къоман уггаре а тоьлла нах дагабахкийта воьлча, Сулейманов Ахьмад оцу нехан хьалхарчу могIарехь хуьлу. ХIунда аьлча, цо дукха къахьегна, тоьлла книгаш арахецна. Царах цхьаъ ю «Нохч-ГIалгIайн топоними». СССР йолчу заманчохь нохчийн интеллигенцин хIусамашкахь хила езаш яра иза а, Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» а, Исаева Мареман «Ирсан орам» а книгаш. И хьал тахана а вайн хIусамашкахь хийцаделла аьлла хеташ вац со. Дийнна цхьаьна институто бан безаш болу болх бу Ахьмада ша цхьамма и книга язъеш бинарг. Вай цIерадаьхна, Казахстанехь Iачу хенахь дуьйна Даймахках дог лозуш вара иза. ХIинца кхин къаьмнаш ду-кх цигахь Iаш, цара шайн цIерш тохкур ю-кх царна, тIаккха вайн шовданийн, лаьмнийн, яртийн цIерш йицлур ю-кх вайна бохуш, сагатдора цо. ЦIадирзинчул тIаьхьа хилларг хала зама яра (Советийн зама). Халонех а ца къехкаш, къар а ца луш, оцу книги тIехь болх бира А.Сулеймановс. Ткъа тахана доккха дозалла ду, Ахьмада язйинчу книгех дуьненахь а бевзаш болчу Iилманчаша масал а, пайда а оьцуш хилар, – дерзийра цо шен къамел.

Бевзаш болчу яздархоша дуккха а довха дешнаш элира Сулейманов Ахьмадах лаьцна. Вайна ма-хаъара, А.Сулеймановн дукхах йолу байташ иллешка йирзина ю. Цуьнан хIора а байт дIайийца шен истори йолуш ю. Иштта цуьнан «Iаьржа буьйса» дешнаш тIехь даьккхина илли элира халкъан артиста Межидов Сахьаба, ткъа «БIов» дешнаш тIехь даьккхина илли халкъан артиста Исмаилов Ризавдис элира.

Цу тIехь дирзира цхьаьнакхетар.

М.ВЕГИЕВА

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: