Дешархой зуламех ларбаран Iалашонца…

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографин урхалло, вайн республикин кIошташкарчу школашкахь дешархой могашчу Iер-дахарехьа кхойкхуш, цхьаьнакхетарш вовшахтуху. Иштта, хIокху деношкахь шайн рогIера цхьаьнакхетар Йоккхачу-АтагIарчу №3 йолчу школехь дIадаьхьира цара. Оцу школин лакхарчу классийн дешархоша дакъалецира цигахь.

IMG-20170130-WA0074

Кинематографин урхаллин директоран гIоьнчас М.Ибрагимовс доклад йира. Иза вайн кегийрхой зуламех ларбаран хьокъехь яра.

– Шун, дешархой хиларе терра, таханлерчу дийнахь коьрта Iалашо хила еза школехь дика дешар. Шайн хIора а де пайдехь даккха а, гуонахарчу нийсархошна юкъахь масал хила а хьовса деза шу. Даха дуьйлалуш бен дац шу. ХIинца аш нийса некъ юьхьарлаьцча, дахарехь шайн меттиг каро а, хьанал къахьега а таро хир ю шун. Бакъду, харцнекъ аш харжахь, вуно ирча тIаьхьало а хир ю. Харцновкъа цхьана дийнахь ца волу. Иза а кега-мерса хIуманашна тIера долало. Масала, ийман, гIиллакх, оьздангалла – и дерриге а шеца долуш волу кIант харцхьалелачу тобанах кхетча, цаьргара дуккха а вуон дерг схьаоьцу цо. Цундела, даима а сема, зуламе долчу хIуманех ларлуш хила веза хIора а, – дийцира М.Ибрагимовс.

«Корта бахош йолу молханаш лелийначу стеган тIаьхьало муха хуьлу?», «Цигаьркано адамана деш долу зен» цIерш йолу видеокийсакаш гайтира дешархошна. ЛадогIарал сов, и дерриге а видеокийсакаш тIехь ган а таро хилира церан.

Цул тIаьхьа цхьаьнакхетарехь дакъалоцучеран паргIатчу кепехь къамел хилира. Оцу цхьаьнакхетаро дешархошна дикачу агIор тIеIаткъам бира.

З.ХАСИЕВА

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: