ХIокху деношкахь «Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттор (1953–1962 шераш)» цIе йолчу историн гуларан шолгIачу томан презентаци хилира Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид а, Парламентан депутаташ Хазбулатов Бекхан а, Жамалуллайл Сайд-Хьамзат а, Гучигов Iела а, Кашлюнов Владимир а, Бердукаев Сайпи а, Бисаев Iийса а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров ШахIрудди а, Нохчийн Республикин Правительствон архивийн урхаллин куьйгалхо Айдамиров Шовхал а, Нохчийн пачхьалхьан хьехархойн университетан историн кафедрин доцент, историн Iилманийн кандидат Бугаев Iабдул а, Соьлжа-ГIалин къеда Хийтанаев Мохьмад а, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан а, Юкъараллин палатин а, республикин Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин а векалш а, журналисташ а.

Гулбеллачаьрга вистхилира историн Iилманийн кандидат Бугаев Iабдул. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира Нохч-ГIалгIайн АССР-н пачхьалкхалла меттахIоттийна хIокху шарахь 60 шо кхаьчна хилар.
–Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторах лаьцначу материалех лаьтташ йолчу гуларан хьалхара том хьалхуо кечйинера оха. 2013-чу шарахь араелира иза. Махках даьхна хиллачу къаьмнашна, уггаре а хьалха нохчашна а, гIалгIашна а, реабилитаци яран пачхьалкхан политика кхоллаяларца доьзна долу бIе документ юкъадахана оцу томана. Иштта суна билгалдаккха лаьа нохчаша, шайна юкъахь Гайрбеков Муслим санна болу пачхьалкхан гIуллакххой а болуш, оцу хенахь доккха маьIна хилар лелийна. Цара шайга далург дерриге а дира нохчий шайн Даймахка юхаберзоран а, нохчийн халкъан ерриге а бакъонаш а, маршо а меттахIотторан а дуьхьа. Вайн ала таро ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин а, Нохчийн Республикин архивийн урхаллин а гIоьнца, Iилманчаша таханлерчу дийнахь Iилманан кIорге йолу историн белхаш язбеш хилар. Цара (белхаша) гIо до тIекхуьучу чкъурана бакъдерг довзийтарехь а, нохчийн халкъан историн атта ца хилла некъаш гайтарехь а, – дийцира I.Бугаевс.
Гуларна юкъахь ду хьалха къайлехь хилла долу Россин пачхьалкхан социальни-политикин историн архиван а, Россин Федерацин пачхьалкхан архиван а фондашкара документаш. Церан копеш Нохчийн Республикин Правительствон архивийн урхаллин Iуналле схьаеллера. Билгалдаккха деза оцу документех дукхахдерш дуьххьара зорбане даьхна хилар.
Нохчийн Республикин Парламентан вице-спикера Жамалдаев Шаида билгалдаьккхира гуларан книгин шолгIа том араялар иза нохчийн халкъан истори хиларе терра маьIне хилам хилар, цо баркалла элира «Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттор (1953–1962 шераш) гулар вовшахтухуш а, арахоьцуш а дакъа мел лаьцначунна.
Цул тIаьхьа къамелаш дира Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Гапуров ШахIруддис а, Нохчийн Республикин Правительствон архивийн урхаллин куьйгалхочо Айдамиров Шовхала а. Цара дийцира арахецначу историн гулара тIехь шаьш биначу балхах лаьцна.
I.МУРТАЗОВ
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо