«ХIотталахь, йоI, сан коша тIе»

Ма новкъа догIу суна Бабас «Со дIаяьлча…» аьлла, къамел долийча. ХIинца а дуьххьара долош дацара цо и къамел…

ПIераскан буьйса яра иза, аьлча а, суьйре. Баба йолчу хьошалгIа а дахана, цуьнан хабарех, забарех хьаьгна, цо дуьйцучу ширачу дийцаршка ладогIа сатесна долу тхо (цуьнан берийн бераш), цунна гуо а бина, охьахевшира стоьла хьалха. Цхьаьна чай а молуш, гуттар а Бабах самукъадаьлла хьийзачу тхан гIар лахъеш, неI туьйхира. Иза лулара зуда хиллера пIераскан буьйсанна сагIина хIума яла еана. Иза-м дIаяхара хье а ца луш. Делахь а, хIинцца 5 минот хьалха оха еш хиллачу гIовгIанан лар а яйнера. Тап-аьлла дара чохь. И тамашийна тийналла Бабин юьхь кхоларца а, цуьнан юьхьа тIехь цIеххьана сингаттам гIаттарца а йоьзна яра. Тхо ханна башха даккхий дацахь а, тидам бира оха. Делахь а, цуьнга иза хатта ца хIутту-у-ш Iара.

Шена чуьра халла аз а долуш, Бабас элира соьга: «Тахана-м цхьаьна, хаза, вовшах марзо а оьцуш Iа вай, амма, шаьш дуьнен чохь зама йоккхучу хенахь хаалаш, даима а шайн дегнаш чохь латтаделаш дерриге а дIадериг хилар…». Иштта, оцу дешнашца долийра шен къамел Бабас. «Кест-кеста ца ягIахь а, наггахь мукъане а хIотталахь сан коша тIе», олуш, схьахьаьжира соьга Баба.

Суна-м суо жима йолчу хенахь дуьйна а (сан 6–7 шо долчу хенахь) хезара Бабера и тайпа къамел. Жима хиллехь а, хьекъал тоьаш ца хиллехь а, гуттар халонга долура суна цо и къамел долийча. Хорам хуьлура хIоразза а. Со школехь доьшуш йолуш, аьхкенан каникулш тIекхочушшехь, боккха тIоьрмиг кеч а бой Iара со, Баба йолчу дIаяха сихлой. Цигахь йоккху хан къаьсттина хаза а хетара. Суьйре тIекхаьчча, хьеший а, гергара нах а шайн-шайн хIусамашка дIабаханчул тIаьхьа, къамелаш деш дIайоьдура тхойшиннан хIора а суьйре. Цкъацкъа буьйсанна хан яллалц Iара тхойшиъ, хан яьлла хилар диц а лой.

ДагадогIу суна, хIора а буьйсанна тхойшиъ дIайижале, хIора а адам бакъдуьнена дерза дезаш хиларх лаьцна хьахадора цо. Со кхоьрура цо сайга и тайпа хабар дийцича. Кхерар-м цхьа гIайгIа бен яцара… Цкъа мацца а, Баба а йоцуш, дуьнен чохь яккха зама йогIург хилар соьга тIе а ца диталора. «Бабин коша тIе хIуттур юй хьо?», цо сайга моссазза олу а, сайн бIаьргаш чу дуьссу хиш цунна ца гайта: «Баба, ма алахьа иштта», олий, къайлайолура со. Цунна ца гучохь Iаббалц йоьлхий, юха схьайогIура, и къамел тхойшинна юкъахь хила а ца хилча санна. Цул тIаьхьа шераш а девлла. ХIинца, юха а стоьла хьалха тхо дерриге а гулделлачохь, дерриге а хазачу даьллачохь, юха а хеза Бабин къамел. Масийтта шарахь юх-юха а сайга лучу хаттарна жоп ца луш ца Iаелира со. Хьанна хаьа Бабас соьга и хаттар кхин лур дуй?! Цхьаьнна а ца хаьа… «Баба, дера хIуттур ю со-м хьан коша тIе», – жоп делира ас.

Цкъа а ца моьттура суна Бабин оцу хаттарна айса иштта жоп лур ду. Делахь а, иза дуьнен чохь йолчу хенахь цуьнан мелла а даг чуьра сингаттам дIабаларе йолчу дегайовхонца делла жоп дара иза.

З.ЛОРСАНОВА

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: