Ший а цхьаьна вола

Вайн мазхIабан дас Имам ШафиIис дийцина: «Дукха жима волуш дагахь Iамийна ас Сийлахь Къуръан.

…Цул тIаьхьа Масджид-аль-хьарам маьждиге а оьхуш, хьадисаш а, шарI а кIорггера девзаш болчу Iеламнехан хьехамашка ладугIуш, боккха пайда баьлла суна… делахь а тхо чIогIа къен Iаш дара. Ур-атталла цхьа кехат эца а аьтто бацара сан. Сайна хьоьхуш долу дарсаш даьIахкаш тIехь дIаяздора ас…».

Цуьнан нана нийсо чIогIа лелош, хьанал, доккха ийман долуш бусалба хилла. Массара а цуьнга Iалашъяйта дIалуш хилла шайн мехала хIуманаш. Цкъа цхьана шина стага ларчи юккъе хьарчийна, духар деана цуьнга дIадиллийта. Цара кхуьнга аьлла: «Тхойшиъ цхьаьна ца вагIахь, ша цхьаъ веъначунна ларча дIа ма лолахь, тхойшиъ цхьаьна валлалц». Цул тIаьхьа, цхьа хан яьлча, царах цхьаъ веана ларча дIаяхьа, бина хилла барт биц а бина, ШафиIан нанас ларча дIаелла. Дукха хан ялале шолгIаниг а веана. Ларча дIаелла карийча бехк баккха хIоьттина иза: «Ша цхьаьна ца хилча ларча дIа хIунда елла ахь? Схьало ларча», – бохуш.

Оццу хенахь хьуьжарера цIа кхаьчначу жимачу ШафиIина шен нана гIайгIане карийна. Бахьана хаьттина цо. Нанас, бехк баккха веанарг дIа а гойтуш, бахьана дийцина. Кхин ойла а ца еш, жимачу ШафиIис, оцу стагехьа а воьрзуш, паргIат аьлла: «Iалашъян дIайиллийтинарг дIаяхьа лууш велахь, хьайн накъост схьа а лахий, иза а валош схьавола, тIаккха хьайн ларча дIахьур ю ахь»…

Д.АЛЬВИЕВ

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: