Боккха иэшам хилла къоман культурина а, дерриге а нохчийн къомана а – шен 81-чу шарчохь кхолламан (январь) беттан 26-чу дийнахь бакъдуьнена вирзина Эльмурзаев Бека, гоьваьлла иллиалархо, Нохчийн Республикин халкъан артист.
Эльмурзаев Бека вина 1936-чу шеран хIутосург (май) беттан 28-чу дийнахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Гендаргана юьртахь. Бераллин а, кхиаран а шераш Юккъерчу Азехь чекхдевлира. Дерриге а халкъаца цхьаьна лайра мацалла а, хало а, бевза-безачех къастар а. Цигахь хилира искусствон новкъа валар а. 1956-чу шарахь Сулюкта гIаларчу Культурин цIийнехь цо вовшахтуьйхира кавказхойн хелхарийн ансамбль. И болх кхиаме хилар гойту 1957-чу шарахь ансамбль Москвахь хиллачу Кегийрхойн дуьненаюкъарчу фестивалан лауреат хиларо.
Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, 1958-чу шарахь Нажи-Юьртарчу Культурин цIийнехь Бекас вовшахтуьйхира тIаьхьуо «Ламанан аз» цIе елла йолу исбаьхьаллин тоба. Республикин а, Ерригроссин а халкъан кхоллараллин хьажаршкахь, фестивалашкахь цкъа а толаман меттиг йоцуш ца йисира и кхоллараллин тоба. «Ламанан аз» ансамбло дIаолуш хилла «Нана», «Езаре», «Iайшат», «Махьмин илли», «Зама», «БIаьрзечун хаттар», «ХьошалгIа дуьйла» иллеш (церан массеран дешнийн а, мукъамийн а автор ша Бека вара) халкъан хилла дIахIиттира.
Нохчийн къоман музыкальни культура ларъярехь, кхиарехь доккха дакъа ду Эльмурзаев Бекин а, цо вовшахтоьхна таханлерчу дийне схьаеанчу «Ламанан аз» исбаьхьаллин тобанан а. Цкъа-делахь, цунах дика масал хилла, цуьнца йохье буьйлуш, исбаьхьаллин самодеятельностан тобанаш кхоллаелира дуккха а ярташкарчу культурин кхерчашкахь. ШолгIа-делахь, халкъан иллиалархой, эшаршлакхархой кхиаран шатайпа пхьалгIа хилла лаьттира «Ламанан аз» ансамбль. Кхузахь кхоллараллин хьалхара гIулчаш яьхна ву Усманов Iимран, Дадашева Тамара, Ахматханов Ваха, Абдулкеримов Илес, Чакараева Маьлхаьзни, Эльдерханов Ахьмад, Эбиев Илес, Идрисов Ризван, Абдурашидова Кузани… И цIерш яцахьара мел къен хетар яра вайн иллийн, эшарийн искусство.
1958-чу шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьарчу шаре кхаччалц, кхин белхан меттиг ца хуьйцуш, Нажи-Юьртан кIоштан Культурин цIийнехь къахьийгира Бекас. Цуьнан белхан зеделлачух доккха гIо-накъосталла хуьлура кIоштан Культурин цIийнан а, яртийн клубийн а белхахошна.
Шен шераша тIедожийна кхин цхьа деза декхар а дара цо дIакхоьхьуш – кIоштан уггаре а ларамечу къанойх цхьаъ вара Бека. Хийла хир дац моьттина захало хилла, дерза ца туьгу дов а дирзина Бека юкъавалар бахьана долуш, жигара дакъалоцура кIоштан а, республикин а культурин а, юкъараллин а дахарехь. Цундела махкахойн сий-ларам а бара. «Нохчийн Республикин халкъан артист» сийлаллин цIарца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташца а, мехалчу совгIаташца а билгалбаьккхира цуьнан болх республикин куьйгалло а.
Ненан мотт, дайн гIиллакхаш, къоман культура – иштта цхьа мехаллаш хуьлу къам хиларан билгалонаш хилла лаьтташ. Веза а, сийлахь а ву и мехаллаш ларъеш къахьоьгург. Ишттачех вара Нохчийн Республикин халкъан артист Эльмурзаев Бека.
Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла цуьнан доьзалан охIланашна а, гергарчарна а!
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо