Шех тера организаци республикехь кхин ян а йоцуш, мехала а, вайн зударшна оьшуш а ю коммерцин йоцу «Зударий – кхиорехьа» цIе йолу автономни организаци. Цо болх бечу хIокху 17 шарахь республикерчу зударшна дина гIо-накъосталла дийцина цаваллал дукха ду.

Вайна ма хаьа нохчийн зудчунна тIехь мел дукха декхарш хуьлу а, шайн доьзалан дуьхьа цара мел къахьоьгу а. Иштта, шайн доьзалан доладан я дахарехь белхан некъ юьхьарлаца хийланна гIоьналлин куьг кховдийначарах бу оцу организацин декъашхой.
И гIуллакх дIадолийнарг а, таханлерчу дийнахь дIакхоьхьург а Базаева Либкан ю. Либкан уггаре а хьалха хIусамнана, 4 берийн нана ю, цул тIаьхьа филолог а, юкъараллин гIуллакххо а, бакъонашларъярхо а ю. Цул сов, Адамийн бакъонаш ларъяран декъехь къаьмнашна юкъарчу премин (В.Голланцан, Г.Веймаран цIарахчу премин) лауреат а ю иза.
– Либкан, шайн организацин истори йовзийтахь тхуна. Стенна тIера, хIун Iалашо йолуш дIадуьйладелла шу?
– Вайнехан хIора а зуда ирсе ян болчу сирлачу сатийсамца юьхьарлаьцна бу тхан некъ. Вайна ма-хаъара, Нохчийчохь хиллачу тIеман кампанеша дуккха а ирча лараш йитина вайн дегнаш чохь. И хан дагалаца хала ду таханлерчу дийнахь а. Ирча йогIура уьш, шарал яхлуш хилла йолу тIеман буьйсанаш. ХIора буьйсано нохчийн халкъан кегийрхой а, мехкарий а, шеца «дIабуьгура». Дуккха а дара лайнарш…
ТIеман шолгIа кампани йолаелча, 1999-чу шарахь, вайн махкара дуккха а нах гIалгIайн махка дIакхелхинера. Тхан доьзал а бара царна юкъахь. Цигахь гуш хилла сурт: миска зударий, шайн божарийн доладан гIерташ, уьш массо а вуочу хIуманах ларбан гIерташ, гIаддайна хьийзара.
Дукха зударий бара тIамо хIусамда, кIант, ваша вийнарш я тIепаза байъинарш. Цу тайппана гIаддайна хьийзачу зударшна жимма хилла а гIортор хир яр-кха тхайх аьлла, масийтта зуда араелира, тхайн карахь мискъалазарратал хIума доццушехь.
Иштта, гIалгIайн махкахь дуьйна зударшна уггаре а хьалха – дашца, цул тIаьхьа тхайн ницкъ кхочучу барамехь ахчанца, кхечуьнца гIо деш дIадуьйладелла тхо. Цу хенахь дуккха а бара чуьра стаг тIепаза вайна доьзалш… Нохчийн халкъан юкъара лазам бара иза. 2000-чу шарахь Нохчийчу цIадирзира тхо. Цу шарахь кхоьллира «Зударийн сий» цIе йолу организаци, и хан дагаяро Iаткъам барна сеца а соьцуш, дуьйцура Либкана. – ЦIадирзинчул тIаьхьа а дукха ирча денош догIура вайн махкахь. Халонаш бен кхин гуш хIумма а дацара. Машенахь дIаса ца вохуьйтура, буьйсанна аравалар ца магадора. И бахьана долуш, уллехь Iачу нахана бен гIодар ца хуьлура тхан организацин.
Да кхелхина дуккха а бераш долчу доьзалшна а, цIенош дагийна, чохь Iан меттиг йоцучарна а тхайга далучуьнца накъосталла дора оха.
Зударийн доьхначу дегнашка хаддаза ладоьгIуш, церан бала байбалийта, уьш шаьш цахилар царна гойтуш, тренингаш дIахьора оха.
– Мил-мила вара шун организаци юкъахь? ХIун декхарш кхочушдора цара?
– Тхоьца болх беш психолог яра, иза Iаламат оьшуш яра оцу хенахь вайн зударшна. Иштта лор-гинеколог яра, цо зударшна деш дерг доккха накъосталла дара. Тхайн аьтто ма хилла, кхайкхина юрист а валийра оха организаци юкъа. ТIеман хенахь юридически, социальни хаттарш мел дукха хуьлура дагадогIу хир ду баккхийчарна. Паспорташ, кхидолу кехаташ дайна я даьгна хилар бахьана долуш, дIасабаха аьтто боцуш нах дукха хуьлура. Тхан организаци болх беш хилар хиъначул тIаьхьа дуккха а нах оьхура тхуна тIе цу хьокъехь, долчун йист яккхар доьхуш.
ТIом дIа а бирзина, жимма вай паргIатдовла дуьйладелча, тхайн организацин буха тIехь зударийн хIума тегаран а, юург кечъяран а, компьютер караерзоран а маьхза курсаш схьайиллира оха. И говзаллаш караерзийча шайна сом даккха аьтто хуьлура зударийн.

– Либкан, 17 шо хьалха хиллачуьнца дуьстича хIун хийцамаш хилла шун организацин балхахь? Iалашонаш хийцаеллий шун?
– Вайн республика денна кхуьуш хилар бахьана долуш, тхан организацин болх берриге а хийцабелла ала мегар ду. Оцу хенахь ас лакхахь билгалбаьхначу говзанчаша а, иштта дуккха а кхечара а маьхза белхаш бина. Тахана организаци кхиъна, Iалашонаш а хийцаелла.
Оцу хенахь оха деш хилла цхьа мехала гIуллакх довзийта лаьа суна. Тхан организаци юкъарчу лор-гинеколога Девниева Мадинас вайн зударшна паргIатбовла лоьралла дора. Буьйсанна юккъехь паргIатъяла езаш зуда хилча, гIаш церан цIа а йоьдий, оцу зудчуьнца буьйса йоккхуш, цуьнан бер Iалашдеш соцура иза а, тхо а, цунна накъосталла деш. Мадина санна болу нах вайн юкъараллина бовзийта беза аьлла хета суна.
Оцу муьрехь халабохкучу доьзалшна, тхайн ницкъ кхочучу барамехь, юучуьнца, молучуьнца гIо дан хьовсура тхо. Делан къинхетамца, таханлерчу дийнахь и хьал дац вайн республикехь. Могашалла Iалашъяран а, дешаран а, социальни а, иштта кхечу дакъошкахь а Россехь а уггаре кхиъна йогIучарех ю Нохчийчоь.
– Либкан, тхуна хаьа тIеман кампани дIайирзинчул тIаьхьа шун организацица цхьаьна Германера балийначу лоьраша нохчийн дуккха а берашна гIо дина хилар. Цунах лаций дийцахьа.
– Жимма а кхечу пачхьалкхашца зIенаш тасар тхайн нис ма делли, вайн республикехь уггаре а халабохкуш хилла, тIамо чевнаш йина бераш долу 10 доьзал маьхза операцеш яйта Германе бахийта аьтто хилира тхан, Делан къинхетамца. Цигахь пластика яран клиникехь Iар а, операцеш яр а, цул тIаьхьа меттаваран курсаш яхар а маьхза хилира царна. Царах цхьадолу бераш 10–12 операци йина а дара. Уьш вуно хаза а, цIена а юьхь-сибаташ, могаш догIмаш долуш цIабирзира.
Цул тIаьхьа, 2006-чу шарахь оха кхин цхьа мехала проект вовшахтуьйхира. Оцу проектаца Германера лоьраш вайн махка кхайкхира оха. Цара БухIан-Юьртарчу больницехь тIамо чевнаш йина хилла бераш маьхза тIеийцира. Шина сменехь болх бира лоьраша. КIирнах бен уьш вайн махкахь ца Iийнехь а, оцу юкъана 150 сов операци ян ларийра уьш.
Лоьраш Нохчийчуьра дIабоьлхуш, шайца схьа мел деанарг вайн лоьрашна дитира (Iаламат еза лоьрийн техника а, гIирсаш а).
Цул тIаьхьа шо даьлча изза лоьраш юхабаьхкира вайн республике. Кхин а 100–150 берана операцеш йира цара.
Оцу муьрехь вайна орцахбевлларш биц бан ца беза вай.
– Либкан, таханлерчу дийнахь шу хIун болх беш ду?
– Вайна, бусалбанашна, тIаьхьарчу шераш- кахь лазаме даьлларг – кегийнах а, зудабераш а, харцхаамашка ла а дугIий, галбовлуш хилар ду. Вайн зудабераш социальни сеташ бахьана долуш, хьенан муьлш бу а ца хуучу нахаца зIене а бовлий, цара шайн «хьекъал» а лой, дех-ненах, тайпанах, тукхамах а бовлий, оцу нахана тIаьхьа хIиттина мичча а баха реза хуьлу.
И чIогIа нийса дац, нохчашна юкъахь хилийта йиш йоцуш, ирча хIума ду иза. Цундела, тхайн ма-хуьллу, школашкахь а, дешаран учрежденешкахь а зудаберашца кхетош-кхиоран болх дIахьо оха, царна нийса лела Iамо хьовсу.
Цул сов, оха хьехархошца а, школехь доьшучу берийн наношца а тренингаш дIахьо. Царна шайн берашца муха хила деза Iамадо. Ткъа шайга дола ца дало аьлла хетча, тхайга схьаалар доьху, цхьа зулам далале и гIуллакх дIадерзо тхайн ницкъ кхачийта.
– «Зударий – кхиорехьа» аьлла цIе хийцаран бахьана хIун дара?
– Тхайн таханлера Iалашонаш, хетарш «Зударийн сий» цIарца тхаьш дIадаьхьначу гIуллакхех къаьсташ хиларна. 2013-чу шеран мангалан баттахь «Зударий – кхиорехьа» аьллачу цIарца хийцира оха иза. Таханлерчу дийнахь зуда чохь Iан еза аьлла хеташ хуьлу дуккха а доьзалш. Ткъа тхан организацис и кхетам нийса цахилар гойту, хIунда аьлча, зударшна бен бан ца мегаш я цаьргахь бен ца товш а дуккха а белхаш хуьлу. Доьзалан нана а, юкъараллин белхахо а хила йиш ю муьлххачу а зудчун. Муьлххачу а нохчийн зудчунна цу тIехь, тхайн ницкъ ма-кхоччу, гIо а дийр ду оха.
Хь.БАХТАЕВА
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо