Цуьнан зевне аз вай сирлачу кханене кхойкхуш дека

(Нохчийн дуьххьарлерчу радиодикторан Эльмурзаева Розин 75 шо кхачарна лерина)

Даймахкана бохам тIебеанчохь орцанца гIовттучу къонахийн хьалхарчу могIаршкахь даима а хуьлуш волу Эльмурзаев Якъуб 1941-чу шеран гурахь республикехь вовшахтоха йолийначу Нохч-ГIалгIайн 225-чу дошлойн полке дIаязлучарна юкъахь а тIаьхьарчу могIаршкахь вацара. 1914-чу шеран аьхка болабеллачу дуьненан хьалхарчу тIамехь хьуьнарш гайтинчу «Акхачу дивизин» майра бIаьхо хилла Якъуб, Даймахко орцадаьккхича, фашистех лата ваха кечвелира. Нохч-ГIалгIайн 255-гIа дошлойн полк Соьлжа-ГIалара араялале Эльмурзаев Якъубе, 1942-чу шеран кхолламан (январь) беттан 25-чу дийнахь хаам бира шолгIа йоI яран хьокъехь. Ханна жима воцчу дена, боккха кхаъ хилира цунах. Цхьайтта шарахь доьзалхо ца хуьлуш Iийна вара иза.

IMG-20170130-WA0030

ШолгIа ялийначу хIусамнанас болийна доьзал бара гIеметтахIоьттинчу Якъубаниг. Буьрсачу тIаме дIавахале йоIана Роза цIе тилла кхиира да. Лахь а, висахь а дуьненан меха хетара цунна шен ши йоI. «ВоьгIнехь кIант хир ву, Дала мукъ лахь!», дара цуьнан дагахь. Ткъа оцу киртигехь коьртаниг дара Даймахкана тIелетта луьра мостагI юхатохар. 1942-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь Соьлжа-ГIалара араяьлла буьрсачу тIаме дIаяхара Нохч-ГIалгIайн 225-гIа дошлойн полк. ТIеман арахь майралла, доьналла, къеггина бIаьхаллин хьуьнарш гойтуш чекхбевлира вайн махкахой.

1944-чу шеран кхолламан (январь) а, чиллин (февраль) а беттанашкахь ЦIечу Эскаран бIаьхой Беларусин гIаланаш Витебск, Ковель, Полоцк, Гомель, иштта кхиерш а мостагIчух дIацIанъеш бара. Якъуб Даймехкан сий лардеш тIамехь хиллехь а, нохчийн халкъ махках доккхуш, советийн халкъийн «мостагIий» лерина, малхбале йоьдучу цIерпошт тIе хаийра цуьнан хIусамнана а, ши йоI а. Роза ши шо кхаьчна яра. Иза ца кхетара йоьлхучу ненах а, къомана тIебазбиначу балех а. ГIиргIизойн махкахь совцийра РозагIар. ХIетахь ГIиргIизойн мехкан коьрта шахьар хиллачу Фрунзен (хIинца Бишкек) йистошца йолчу цхьана кIотарахь дIатарбира хIорш. Дерриге а нохчийн халкъо санна, шело, гIело, харцо, мацалла лайра цара а. Эххар, да а схьакхийтира доьзалх. Иза балха вахаро мелла а тодира церан дахар. Мехала дара бIаьхочо шен шина йоIе дешийтар. ВорхI класс Фрунзехь чекхъяьккхира Эльмурзаева Розас. 1957-чу шеран бIаьста дара йоI кхиамца ворхI класс чекхъяьккхина яьлча. Вайна ма-хаъара, кхин а цхьа хазахетар дара вайнехан массо а стеган дог хьостуш. Сталинан хьадалчаша махках даьхначу халкъашна цIадерза маршо яьллера. ЦIаберза сал-пал вовшахтухуш вара массо а. Шен доьзал балош, Соьлжа-ГIала цIавирзира къена бIаьхо а. Соьлжа-ГIаларчу Калининан цIарах йолчу поселкехь баха а хевшира уьш.

Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 50-чу шерийн чаккхенехь а, 60-чу шерийн юьххьехь а цхьа гIиллакх дара вайнахана юкъахь даьржина. Хьалхуо Сибрехара цIадирзина адамаш гучудовла догIура цигара тIаьхьуо цIакхаьчначарна. Иштта, Хакишева Човка а еара ЭльмурзаевгIарна гучуяла. Лерина лелош гергарло дара шина доьзална юкъахь. Човкин хIусамда Шалавди Нохч-ГIалгIайн 255-чу дошлойн полкан комиссар хилла вара. Эльмурзаев Якъубан могаш-маьрша цIаверза ирс хиллехь, Одесса гIала мостагIех дIацIанъеш, эскадронан командир Хакишев Шалавди буьрсачу тIамехь турпала воьжнера Грибовка поселкехь фашисташца хиллачу тасадаларшкахь. Делахь а, Човкина хазахетара шен хIусамдеца тIеман арахь лаьттинчу Якъубаца къамеле йолуш. Ткъа ГIиргIизойн махкара ЭльмурзаевгIар цIабирзина аьлла шена хезначу минотехь, кханенаш ца йохкуш, иза сихха кхечира церан хIусаме. Къамеле яьллачохь Човкина хиира, ворхI класс чекхъяьккхина Роза, цкъачунна болх-некъ боцуш, цIахь Iаш хилар. Цо ша къахьоьгучу «Ленинан некъ» газетан редакце балха кхайкхира йоI, зорба тухучу чарха тIехь болх бан Iамор шена тIе а лоцуш. Да, нана, реза а хилла, нохчийн маттахь зорбане дуьйлучу газетан редакцехь шен хьаналчу къинхьегаман дуьххьарлера гIулчаш ехира йоIа. Оцу муьрехь Эльмурзаева Розин 15 шо дара. Школехь дика доьшуш хиллачу йоIана сихха Iемира зорба тоха. Къоман оьзда гIиллакхаш лерина лелочу редакцин белхахошна дукхаезара массаьрца гIиллакхе, кIеда-мерза, эсала йолу йоI. Леларца, духарца, дечу къамелаца шега ларам хилийта хууш яра Роза жимачохь дуьйна. Бакъболчу нохчийн оьздачу кхерчара схьаяьллачу цуьнан кхечу кепара хуьлийла а дацара. Ненан шурица цIийх доьлла гIиллакх ду цо кIад ца луш, хIинца а шен дахарехула чекхдоккхург. ЦIархазмана лелош дац цуьнан иза. Бакъйолу нохчийн къоман йоI ша хиларна, къаьсттина зударшкахь шогалла товш йоций хууш, хIайкал санна лардеш, хаддаза дIакхоьхьуш ду.

Балхах дикка йоьлла Роза а йолуш, цуьнан амалх, хьуьнарх баккхийбеш белхан накъостий а болуш, хаам кхечира «Ленинан некъ» редакце Нохч-ГIалгIайн радиокомитетехь дикторийн конкурс кхайкхоран хьокъехь. ЙоьIан сакIамделира оцу конкурсехь дакъалаца. Дегара пурба а даьккхина яхара иза конкурсехь дакъалацарна оьшуш долу кехаташ чудала. Конкурсехь шайн хьуьнарш зен лууш арадевлла адамаш дуккха а хиллера. Мел лахара а ткъех стаг хир вара уьш. Царна юкъахь Эльмурзаева Роза массарал къона яра. Делахь а, къовсаман де тIекхаьчча билгалделира толам кхунна боьгIна хилар. БIаьстенан юьххьехь, зевнечу эшаршца Iуьйре самайоккху олхазарийн аьзнаш санна, лаьмнех схьаIийдалучу шовданийн самукъане мукъамаш санна, цкъа хезначунна дицлур доцуш, тамехь декара йоьIан аз. Мел жима елахь а, оьрсийн, нохчийн меттанашкахь цхьабосса шера, хаза йоьшура цо муьлхха а текст. ТIаккха тамаш бойла дацара Розас къовсамехь толам баккхарх.

IMG-20170130-WA0026

Иштта, 1957-чу шеран аьхка Нохч-ГIалгIайн радиокомитетан диктор хилира вайн турпалхочух. Амма балха дIанисъеллера аьлла паргIат ца елира йоI. ГIиргIизойн махкахь ворхI класс чекхъяьккхина юкъахдисина дешар чекхдаккха лиира цунна. Дийнахь радиокомитетехь болх беш, Соьлжа-ГIаларчу №22 йолчу суьйренан школе деша яхара. Кхаа шарахь иза кхиамца чекх а яьккхира. Цунна кхидIа а деша лаьара. Шен ден санна нуьцкъала амал йолу йоI, цкъа а ша юьхьарлаьцначу я дан леринчу гIуллакхна юха ца йолура, Iалашо кхочушхиллалц. Иштта, балхана юкъара ца йолуш, Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институте деша яхара Роза, балха тIехь оьшуш йолу филологан говзалла караерзо Iалашо йолуш. Болх мел хала хиллехь а, юкъара ца йолуш, хьехархойн институт а кхиамца чекхъяьккхира цо.

Нийса хир дацара Розин дахаран а, къинхьегаман а некъаш, цхьа а очакх доцуш, тай санна нийса хилла аьлча. Эльмурзаева Розас болх бина шераш Советийн Iедал чIагIделла зама яра. Къоман гIиллакхашца, динца йогIуш яцара цуьнан идеологи. Коммунистийн Iедал нийсса бIостанехьа дирзина дара динна, цуьнца хаддаза луьра къийсам латтош. Кест-кеста лекцеш, диспуташ, цхьаьнакхетарш дIахьора оцу заманахь дин а, Iеламнах а емалбеш. ТIаккха массо а «кхето» Iалашо йолуш, радиоэфирехь репортажаш йора. Цкъа, цхьана дийнахь, Эльмурзаева Розин рагI а тIекхечира и тайпа репортаж дIаяхьа езаш. Муьлхха а передача кечъеш а, цкъа хьалха текст еша езаш яра, эфирехь мотт тийса ца балийта. Розас-м цкъа а, шозза а йоьшура иза ша галъяларна кхоьруш. Оцу дийнахь а шена чуеана текст еша дIайолийра диктаро. Амма хьалхара пхи-ялх могIа бешна ялале йоI кхийтира, катоьхнна эфире яхийта кечъеш йолу текст бусалба дин емалдеш хиларх. Цунна «цIе яьлла» моттаделира шен дегIах. Дехошна, ненахошна юкъахь дуккха а Iеламнах болуш, Роза хьалакхиъначу кхерчахь лардеш дара бусалба динца дерг а, нохчийн къоман ширачу ламасташца дерг а. Цхьана мIаьргонна диктор ойлане яхара. ТIаккха, сихха хьалагIаьттина, шен хьаькамна тIеяхара иза. Текст тIеязйина кехаташ редакторна хьалха дехкина: «ХIара текст ас йоьшур яц!» – элира Эльмурзаева Розас. «Ца ешахь хьайн цIа гIо! Хьо балхара дIаяьккхина ю! – элира редактора, – кхин хьо балха ян оьшуш дац!».

Роза, араяьлла, цIаяхара. ЦIахь дега дIайийцира шен балха тIехь хIоьттина киртиг. Амма цу тIехь дIа-м ца дирзира и «идеологин дов». Райкоме, обкоме, иштта кхечу кабинеташка тIе ца кхойкхуш меттиг яцара Эльмурзаев Якъуб а, цуьнан йоI Роза а. Амма бехкала яхана, шегара «даьллачунна» дохко яьлла кеп ца хIоттош, къаръелла юха ца йолуш, къона турпалхо шен къинхьегаман некъ дIаболабеллачу «Ленинан некъ» газетан редакце балха юхаеара, зорбанан чархана тIехь кхидIа а болх бан. Ткъа радиокомитетехь ондда кегарий хилира. Роза цигара дIаяьллачул тIаьхьа, кхаа-беа баттахь иттех диктор хийцавелира. Хьалхуо, конкурсехь дакъалоцуш хилла массо а бохург санна, стаг, зуда кхайкхина схьадалийна хиллера. Амма уьш цхьа а Эльмурзаева Роза санна, шайна тIедехкинчу декхаршца ларош цахиларна, цIа хьовсо дезнера радиокомитетан куьйгалхойн. Эххар а, дега дехарш дина, юха балха дIайигира Роза. Кхин цкъа а дин емалдеш йолу текст цуьнга ца кховдийра куьйгалхоша. Иштта доьналла долуш зуда ю Эльмурзаева Роза. Мел дукха шена и болх безарх, цо цкъа а ца дийцина радиоэфирехь къоман гIиллакхашца догIуш доцург. Диктора Iаламат чIогIа лардина шен халкъан сий. Дийца даьккхинчуьра аьлча, цхьана балхах тешийна дахар чекхдаьккхина йоI яц иза. Институт чекхъяьккхина яьлча маре яхара. Бертахь, ийманехь болчу доьзалехь хьалакхиийна кхоъ доьзалхо ву цуьнан: цхьа кIант, ши йоI. Тахана лаккхарчу категорин диктор, Нохч- ГIалгIайн Республикин культурин хьакъйолу белхахо йолу Эльмурзаева Роза ирсе денана, ненанана ю.

2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 25-чу дийнахь 75 шо кхаьчна Эльмурзаева Роза пенсе яханера аьлла, балхара цIахь сецна яц. Иза хьалха санна, цкъа мацах жимачохь ша балха дIахIоьттинчу радиокомитетехь болх беш ю. ЦIерш хийцарца мелла а хийцамаш хилла аьлла хетахь а, Эльмурзаева Розас 60 шо хьалха болх бан болийначу меттигах тахана «Телерадиокомпания «Вайнах» олу. Роза ша а хIинца журналистикехь къахьоь- гуш ю. Амма миччанхьа къахьоьгуш елахь, халкъе а, махке а болчу безамца догуш ду цуьнан синтем боцу дог. Шен экамечу синан шорталлица иза кийча ю дерриге а нохчийн халкъ, доггах, маракъовла. Эльмурзаева Роза мехкан йоI ю. Халкъан а, мехкан а дуьхьа 60 шарахь хьанал къахьегна, радиоладогIархошка хаддаза адамалле, дикане, комаьршалле, къинхетаме, маслаIате, собаре, вовшашна дезаре кхайкхина. Нохчийн Республикин радион тоьлла белхахо а, журналистикин йоккха говзанча ю иза. Цуьнан зевне дека башха аз ду хIора дийнахь вайга сирлачу кханене кхойкхуш, Нохчийчоь еза Iамош, син бIаьвнаш йина къоман гIиллакхаш хестош. Цундела вайна массарна дукхаеза Эльмурзаева Роза. Цуьнан, литтина деши санна йолу дог-ойла, чIурам санна, сирла ойланаш ю иза вайна иштта хоьтуьйтуш, теш хIуьттуш ерш.

А.ГАЗИЕВА

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: