Чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочуьнца Тагаев Султанца а, цуьнан заместительшца а, Администрацин структурийн дакъойн хьаькамашца а.

Цхьаьнакхетарехь дийцира республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а болх тергонехь латточу органо дIадаханчу шарахь биначу балхах а, карарчу шарахь дан леринчух а лаьцна.
– Администрацис бечу балхе хьаьжжина хуьлу пачхьалкхан политика кхочушъяран гIуллакх а, муниципалитеташа а, министерствоша а, пачхьалкхан кхийолчу учрежденеша а бечу белхан эвсаралла. ХIинца шу декхарийлахь ду Администрацин болх керлачу тIегIане баьккхина ца Iаш, иза кхин а эвсара хилийта, – элира республикин Куьйгалхочо.
Иштта, цунна хетарехь, терго латторан гIуллакхашна лерина йолу кхеташонаш дIаяхьаран болх а бу Администрацис кхин а лакхарчу тIегIане баккха безаш.
– Терго латторан гIуллакхашна лерина йолу кхеташонаш дIаяхьаран болх а эца беза къаьсттинчу тидаме. Бахархойн дахар тодан а, республика кхуьуш а, ша кхаба ницкъ болуш хилийта а Iалашо ю вайн. Иза, дукха хьолахь, аш республикин Куьйгалхочуьнга а, Правительстве а бойтучу балхах доьзна ду. Шу дерриге а шайн болх бевзаш а, зеделларг долуш а дуй хаьа суна. Ткъа Администрацин куьйгалхо волу Тагаев Султан – шен белхан говзанча ву. Цундела со тешна ву, шайна хьалха тахана хIиттийначу декхаршца шу кхиамца ларориг хиларх, – тIетуьйхира Кадыров Рамзана.
Администрацин куьйгалхочун даржехь ша баьккхинарг 2 бутт бен бацахь а, шаьш диначух а, дан леринчух а лаьцна дийцира Тагаев Султана.
– Уггаре а хьалха республикин Куьйгалхочун а, Правительствон Председателан а секретариаташца цхьаьна болх бар дIадолийна Администрацис. Иштта, кхуьнан структурийн дакъош долчу отделийн а, департаментийн а шайн-шайн сайташ яра хIинццалц. Цара а, Администрацин куьйгалло а беш болу болх цхьана кора чохь схьагуш хилийтаран Iалашонца схьайиллина юкъара сайт. Коьртачу даржашкахь болчу белхахошна аттестаци а йина. Аттестацино гайтина хIара белхахой шайн декхарш девзина ца Iаш, республикин а, федеральни а законодательство девзаш а, цунах пайдаэца хууш а хилар, – дийцира Администрацин куьйгалхочо.
Х.ИСЛАМОВ
№9, пIераска, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де, 2017 шо