ХIокху деношкахь С.В.Михалковн цIарахчу Берийн библиотекин могашалла ледара йолу бераш кхиоран отделехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира. «Дуьненан дерриге а аьзнаш – дикаллехьа» проектан гурашкахь вовшахтоьхна дара иза. Отделан заведующис Домбаева Аминас дийцарехь, заьIапчу берашна могашчу берех а, вайн дуьненах а шаьш дIакъастийна аьлла ца хетийта а, церан наггахь мукъане а самукъадаккха дIахьош бу и болх.

Шайн дуьхьа вовшахтоьхначу цхьаьнакхетарехь дакъалецира ДЦП, аутизм, синдром Дауна цамгарш йолчу а, бIаьрса ледара долчу а бераша. Цхьаьнакхетаран дакъалацархошка маршалла а хоттуш, йистхилира Домбаева Амина: – Дуьнен чохь вайна яккха еллачу хенахь гIийлачарна цхьа кIеззиг мукъане а дика дан хьовса дезара вай. Вайна ма-хаъара, заьIап бераш шатайпанчу дуьненахь деха. Церан дегнаш а, ойланаш а цIена ю. Уьш иштта йисийта хьовса деза вай. Цул тIаьхьа «Книга умного ребенка» а, логикин ловзарийн а книгаша дуьйцург довзийтира А.Домбаевас.

Билгалъяьхначу книгаша берийн ойла а, фантази а самайоккху. Берийн библиотекин волонтераша заьIапчу берашна лерина программа кечйинера. Медиев СаьIида «Слепой» цIе йолу байт ешарца дIайолийра цара шайн программа.
Иштта, «Сказочный герой – добрый или злой» ловзарца а самалхадаьккхира цара берийн. ТIараш деттарца бераша хоуьйтура шайна хазахетта хилар. Волонтераша заьIапчу берийн самукъадаьккхинчул тIаьхьа, библиотекара, яздархочо, поэта Докаев Вахас дикачу гIуллакхех лаьцна масалш далийра берашна. Вайна массарна а девзаш долу «Аленький цветочек» туьйра дийшира волонтераша роггIана.
Цхьаьнакхетар хIокху дешнашца дерзийра Домбаева Аминас: «Вайгахь хIорангахь а хир ду дуккха а диканиг. Лаьа, хIора а денна шегара диканиг нахана хила болчу лаамца вай дехийла! Ткъа вуочунна шайн дегнаш чохь меттиг а ма йиталаш!».
З.ЛОРСАНОВА
№9, пIераска, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де, 2017 шо