Субъектийн байракхаш сийсазъярна – уголовни таIзар

Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин физически культурин, спортан, туризман, кегийрхойн гIуллакхийн комитетан председателан заместитела Газзаев Валерийс керла а, мехала а законопроект йовзийтина хIокху деношкахь.

Flag-maps_of_the_subjects_of_Russia

Ша юкъаяьккхинчу законопроектаца нийса а догIуш, Россин Федерацин Уголовни Кодексан 329-чу статьяна («Россин Федерацин Пачхьалкхан герб я Россин Федерацин Пачхьалкхан байракх сийсазъяр») хийцамаш бе аьлла, кхайкхам бина Газзаев Валерийс Пачхьалкхан Думин депутаташка.

Карарчу хенахь, оцу статья тIехь билгалдаьккхина ма-хиллара, Россин Федерацин Пачхьалкхан герб я байракх сийсазйинарг цхьана шарахь Iен меттиг хийца бакъо йоцуш вита а, ялх баттана набахте хьажо а, цхьана шарахь юкъараллин белхаш байта а магийна ву.

Амма Россин Федерацин субъектийн байракхаш а, гербаш а оцу статьяца Iалашйина яц. Субъектан байракх я герб цхьамма сийсазъяхь, бакъонашларъяран органийн цунна харцахьа леларна бен таIзар дан бакъо яц.

В.Газзаевна хетарехь, пачхьалкхан символика къоман башхаллин, дахаран хьежамийн билгало ю. Цуьнца цхьаьна а догIуш, «республикийн, областийн, округийн байракхаш а ю цигарчу бахархошна Россин Пачхьалкхан байракх санна йолу сийлаллаш».

«Пачхьалкхан билгало аьлча, цхьаболчарна Россин бен яц моьтту пачхьалкхан билгало. Амма Росси «унитарни пачхьалкх» а йоцуш, «федераци» ю – крайша а, областаша а, округаша а, пачхьалкхаш йолчу республикаша а барт а бина, кхоьллина йолу федераци. Уьш (крайш, областаш, округаш, республикаш «субъекташ» олий билгалйоху – авт.) Россин Федерацин субъекташ ю. ХIора а субъектан шен байракх а, герб а ю. Церан хIора а гербан а, хIора а байракхан а шен истори а, ламасташ а ду. Уьш цаларар я сийсазъяр – меттигерчу бахархошна Iоттар яр хилла ца Iаш, берриге а россихошна а Iоттар яр ду. И законопроект вай тIеэцахь, цо Iалашйийр ю патриотизм, Даймохк безар, цунах дозалла дар», – элира В.Газзаевс. – Муьлхха а хулиган, хIинца а бакъо йолуш ву, субъектан байракх схьа а эцна, иза сийсазъяккха а, цунах цIетаса а. Нагахь санна иза ша сийсазйоккхучу байракхан субъектехь вацахь я оцу субъектан законодательствос шен байракх Iалашъеш яцахь, цунна цхьа а таIзар хир дац. Амма цо нахехь хьагI а кхуллур ю, питана а даржор ду. ХIинццалц мегаш ду иза. Вай декхарийлахь ду и «бакъо» федеральни тIегIанехь бахархошкара дIаяккха.

Цхьайолчу субъектийн административни бакъонаш талхоран законодательствошкахь шайн байракх я герб сийсазъярна догIуш долу жоьпалла хIинцале билгалдаьккхина (Нохчийн Республикехь дац – авт.). Амма, хууш ма-хиллара, цхьана субъектан законодательство шен дозанал арахьа ницкъ болуш дац. И кхачамбацар дIадаккхаран лаамца юкъаяьккхина Газзаев Валерийс шен законопроект.

И.КАНТАЕВ

№9, пIераска, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: