Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолу нохчийн къоман драматически театр даима а яра къона тIаьхье кхетош-кхиоран Iалашонца махкахь дIахьош болчу балхана юкъахь жигара дакъалоцуш. Театрехь хIиттийна дукхах йолу спектаклаш адамалле, къинхетаме, оьздангалле, къоман гIиллакхашна муьтIахь хиларе кхойкхуш ю.

Оцу беркатечу могIарера яра 2010-чу шарахь режиссера Хакишев Руслана хIоттийна «Бекхам» спектакль а. Юридически Iилманийн доктора Мусаев Iалавдис язйинчу изза цIе йолчу драми тIехь хIоттийна яра иза.
Кхузаманан лазамаш, сингаттамаш, вайн дайша, бIешерийн кIоргенера лардеш, схьадеанчу оьздачу гIиллакхашна цхьадолу адамаш бIостанехьа дерзар гойтуш яра режиссера Р.Хакишевс хIоттийна «Бекхам» спектакль. Театран тоьлла актераш бара спектаклехь дакъалоцуш, коьртачу ролехь РСФСР-н хьакъволу артист Омаев Дагун а волуш. Наркотикех долучу зуламах дерг говза гайтира къоначу актера Темишев Султана.
Наркомафих а, цо къинхетамза хIаллакдечу адамех а лаьцна ю спектакль. Дуккха а шерашкахь бакъонашларъяран органашкахь белхаш биначу Мусаев Iалавдина дика девза оцу декъара хьал. Бакъдолчунна тIе а тийжаш язйина драма ю иза, турпалхойн цIерш, фамилеш хийцинехь а.

ХIокху шарахь «Бекхам» спектакль карлайоккхуш ву Россин Президентан культурехула, искусствохула йолчу советан декъашхо, Россин искусствийн хьакъволу гIуллакххо, Россин халкъан артист, Нохчийн къоман театран коьрта режиссер Хакишев Руслан. Шеко яц и тайпа спектакль къоман театран сцени тIехь оьшуш хиларан. Вайна халахеташ делахь а, наркомани цIе йолу ун, акха тесна хутал санна, хьекъаш ю Россехь а, дуьненахь а. Цуьнца доьзна зуламаш сих-сиха хаало Нохчийчохь а. Ткъа иза нохчийн къоман гIиллакхашца догIуш дац. Вайн бакъо яц къоман кхане оцу дIаьвше кхолаяйта. Цуьнан кIорггера ойла йиначух тера ду «Бекхам» драмин автора I.Мусаевс а. ХIинца шолгIа а къоман театран сцени тIехь «Бекхам» спектакль хIотто Iалашо йолуш болх дIаболийна Р.Хакишевс. И спектакль Нохчийн Республикин ерриге а кIошташкахь а, дукхах йолчу ярташкахь а гайта лерина ю театран коллектив.
2017-чу шарахь Мусаев Iалавдин 60 шо кхочуш хилар тидаме эцча, цунна мерза кхаъ хир бу аьлла хета шен юбилей тIекхочуш «Бекхам» спектакль къоман театро юха а хIоттор!
А.ДАЧАЕВА
№9, пIераска, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де, 2017 шо