ХIокху деношкахь Iамаркан ерриге а штаташкахь гайта йолийна «Патриотан де» цIе йолу фильм. Оцу махкахь цIеяххана волчу режиссера Берг Питера яьккхина ю иза. Цу чохь дуьйцу 2013-чу шарахь Бостонехь дIаяьхьначу марафонехь эккхийтар дарна бехкевечу Царнаев Тамерлана а, ЖовхIара а «диначу» зуламах лаьцна. И буха а диллина язйина ю фильмана сценари а. Фильм яккхарна хьажийна боху 45 000 000 долларан барамехь ахча.
ЦарнаевгIара «диначу» зуламна дуьхьал яьккхина йолу фильм, ма-дарра аьлча, нохчашна луьйш хила езаш яра аьлла хетало. Амма, 2 сохьтехь 10 минотехь лаьттачу фильмехь режиссера цкъа «чеченцы» аларца бен, кхин нохчийн а, нохчийн халкъан а цIе яккхийтина яц.
Бакъду, «Кавказ», «Кавказера нах» боху дешнаш а, Тамерланан, ЖовхIаран цIерш яхар а алссам нисло. Делахь а, я нохчашна а, я нохчийн халкъана а дуьхьал дерг, иза цу юкъахь мел делахь а, хьовсархошна хаалучу тIегIанехь ца дитина режиссера.
Фильмехь Тамерланан роль ловзош гуьржийн актер Меликадзе Темо а, ЖовхIар ву аьлла гайтинарг Iамаркахо Вулф Алекс а ву. Кхузахь билгалдаккха догIу и шиъ, нохчех тера цахиларал сов, нохчийн хотIах цхьа хьаса а шайгахь боцуш хилар. Иза режиссеран уггаре а коьрта а, доккха а гIалат ду.
Россехь фильмийн мах хадоран уггаре а коьрта лоручу «КиноПоиск» портала тIехь юьйцучу кинона 10 баллах лаьттачу хаттамна юкъахь «7» балл хIоттийна. Хаттамехь дакъалаьцначу хьовсархоша и кино 95 процентана шайна хеттачу кепара нисъелла хилар а билгалдаьккхина.
Кинотеатрашкахь «Патриотан де» гайтаран (премьеран) хьалхарчу дийнахь 4 300 000 доллар гергга ахча даьккхира. Карарчу хенахь, премьера хилла шолгIа бутт бен бацахь а, еккъа цхьана Iамаркахь 22 400 000 долларан а, кхиболчу мехкашкахь 2 350 000 долларан а барамехь ахча даьккхина цо.
Фильмехь буьйцучу вежарех ЦарнаевгIарах лаьцна аьлча билгалдаккха догIу Тамерлан, полицин белхахоша тIе герз а диттина, вийна хилар. Ткъа ЖовхIар эккхийтар диначу шолгIачу дийнахь схьалаьцна.
2015-чу шарахь Iамаркан Федеральни Суьдо иза вен кхиэл кхайкхийна. Амма иза карарчу хенахь а дийна ву.
«Бостон Глоуб» газето Массачусетс штатехь (Бостон оцу штатана юкъайогIуш ю) биначу талламо гойту ЖовхIар вен кхайкхийна йолу кхиэл кхочушъян еза аьлла хетарш 19 процент бен цахилар. Ткъа Бостонехь церан барам 15 процента тIе а ца кхочу.
Доцца аьлча, «Патриотан де» фильм 2013-чу шарахь Бостонехь хиллачу бохамах а, безамах а. Iамаркахошна шайн мохк безаш а, уьш иза ларбеш а хиларх а лаьцна ю.
Берг Питера, буьйцучу бохамах лаьцна мел йолу материал схьа а гулйина, уьш Iамаркан лерринчу службаша кечйинчу докладах дIа а тоьхна, цунна чу «садиллина». Беккъа цхьа ЦарнаевгIар бехке а бина Iер бахьана долуш, шен цIе а ларйина цо.
Iамаркахоша фильмаш дика йохуш хилар дуьненна а хууш ду. Цара шайн киношкахь тайп-тайпана къаьмнаш а, историн агIонаш а, политика а, иштта кхидIа мел йолу теманаш а хьехайо. Дукха ца дахь а, нохчийн халкъ а, цуьнан векалш а хьахош фильмаш а нисло церан. Царах ю, масала, «The Drop» цIе йолу фильм. Цу чохь дуьйцу Iамаркахь криминалан цхьана тобанан куьйгалхо волчу нохчичух.
Иштта «Proof of Life» а ю. Цу чохь коьрта роль ловзийна дуьненахь а гIараваьллачу актера Кроу Рассела. Иза, ша чIогIа майра стаг хиларе терра, тIамо йийсаре лаьцначу Нохчийчу вогIу, нохчийн тIемалоша йийсарехь латтош волу Iамаркан вахархо кIелхьарваккха.
«Flash» а, «Supernatural» а «Elementary» а цIерш йолчу сериалашкахь а хьехабо нохчий.
И.ХАСАХАНОВ
№9, пIераска, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де, 2017 шо