Республикехь туризм а, сервис а кхиоран некъаш

Кхолламан (январь) беттан тIаьххьарчу дийнахь республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетехь «Туризман декъехь болх бечу предприятийн а, Iедалан органийн а, дешаран учрежденийн а юкъаметтигош кхиор» цIе йолу «горга стол» хилира.

Туризман комитет

Цигахь дакъалецира лакхахь хьахийначу комитетан куьйгалхочо Эдильгириев Амрудис а, дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Iалихана а, лакхарчу а, корматаллин а дешаран учрежденийн а, «Тур-Экс» а, «Хьачара» а компанийн а, «Грозный-Сити» отелан а, «Беркат» хьешацIийнан а, иштта спортан-туризман «Къоьзана» а, «Нихалара чухчареш» а комплексийн а векалша.

«Горгачу стоьлехь» дийцира туризман а, сервисан а декъехула болу говзанчаш кечбарх а, республикехь сервис кхиорах а, туризмах а, кхачам боллуш йолчу сервисах а таханлерчу дийнахь болучу пайданах а лаьцна.

– Республикехь туризман иттаннаш комплексаш хиларх а, уьш дуьненахь а тоьллачеран могIарехь хиларх а бала пайда бац, нагахь санна цигахь туристашна лерина кхачам боллуш сервис ца хилахь. Тахана, халахеташ делахь а, сервис чIогIа лахарчу тIегIанехь ю кхузахь, – элира Эдильгириев Амрудис.

Цо аьллачунна ша резахилар а хоуьйтуш, вистхиллачу Байханов ИсмаьIала билгалдаьккхира республикехь сервис кхиоран декъехь уггаре а хьалха оьшуш говзанчаш хилар.

– Сервис ца оьшуш экстриман туризм бен яц. Ткъа вай Нохчийчохь экстриман туризм кхио Iалашо йолуш дац. Вайна луург берриге а доьзална лерина йолу туризм ю. Ишттачу туризмана сервис оьшу. Сервис говзанчаша латтош ю. Говзанчаш Iамо хьелаш кхоьллина вайн лакхарчу а, корматаллин а дешаран учрежденешкахь. Делахь а, «сервисца» шайн дахар гуш берш чIогIа кIезиг бу вайн юкъараллехь. Дукхахболчарна иза вайн къоман амалца догIуш дац аьлла хета. Цундела, суна хетарехь, бакъахьа хир дара вайн шуьйрачу хаамийн гIирсаша оцу декъехь «талламан» болх бича. Оцу гIуллакхна эшахь цхьаъ а, шиъ а шо дайъа мегар ду аьлла а хета суна, цул тIаьхьа цуьнан жамIаш вайна пайдехь хир делахь, – аьлла, шен ойла йовзийтира дешаран а, Iилманан а министра.

Соьлжа-ГIалин сервисан технологин техникуман векалша билгалдаккхарехь, церан таро а, аьтто а бу шайн студенташ говзалла лакхаяккхаран Iалашонца кхийолчу субъекташкарчу учреденешка дIасабахийта а, цул тIаьхьа царна белхан меттигаш нисъян а.

Карарчу хенахь Итон-Кхаьллан кIоштахь еш йолчу «Хьачара» курортан векалша дийцира шайна хIинцале а туризман декъехь говзалла йолу белхахой эшарх а, уьш республикехь карош цахиларх а лаьцна.

– Курорт хIинцца бен ян йолийна яцахь а, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствос тхуна хьалха хIинцале а белхахой лахаран декхар хIоттийна. Белхахой туризман декъехь говзалла йолуш хила безаш бу. Оцу декъехь говзанчаш кечбаран учрежденеша тхуна шайн хиллачу студентийн контакташ ло. Цаьрца тхо зIене девлча, уьш Iедалан я кхиболчу белхашкахь хилар гучудолу. Интернет чохь ишттачеран резюмеш а лехна оха. Цкъачунна, болх бан реза а волуш, карийнарг пхи стаг ву. Амма и пхиъ а магавой а ца хаьа. Нагахь санна уьш ца магабахь, тхоьга кхиберш боьхур бу. Ткъа тхан а, тхуна а кхиберш республикехь бац. Кхечанхьара кхайкха безар бу уьш, – дийцира «Хьачара» курортан векалша.

Гулбеллачара иштта дийцира кегийрхошна юкъахь ингалсан а, немцойн а, франкойн а меттанаш хуучеран барам лахара хилар а, оьрсийн мотт хуучарна шайн говзаллин терминологи евзаш цахилар а.

И гIуллакх дешаран учрежденеша тидаме оьцург хилар хаийтира Байханов ИсмаьIала.

И.АСЛАНОВ

№9, пIераска, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: