ДIадаханчу кIиранчохь Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Некъан-транспортан бохамашна дуьхьало яран республикин оперативни штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Нохчийн Республикехула йолчу некъан боламан кхерамазаллин инспекцин урхаллехь кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира некъан боламан бакъенаш лар ца еш берш Iорабахарна тIехь терго латтор чIагIдаран а, царна дан догIучу кепара таIзар даран а гIуллакхаш.

Шен къамел дIадолош, М.Даудовс дIабаханчу муьрехь хиллачу некъан боламан бакъенаш талхоран а, иштта некъан-транспортан бохамашкахь кхелхинчеран а, лазийначийн а статистика ялийра.
– Республикин некъашкахь некъан бохамаш лахбаран гIуллакх Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана къаьсттинчу тергонехь латтош ду. Республикин куьйгалла оцу гIуллакхна сагатдеш хилар ларамаза дац. ТIаьххьарчу 4 баттахь некъан-транспортан бохамашкахь кхелхина 39 стаг, 150 сов стаг лазийна. Вайн некъашкахь диначу зуламна ша таIзар данза вуьсур ву мотта ца оьшу цхьанна а. КхидIа а къийсам латто беза бахархойн дахарна а, могашаллина а зуламе болчаьрца. Вайн хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин беркатечу некъаца богIуш болу хьежам бу иза. «Адаман дахаре кхочуш хIумма а дац», олура цо, – билгалдаьккхира республикин Парламентан Председатела.
Кхуззахь М.Даудовс къамел дира бехна а болуш машен лелорна лаьцна схьабалийначу водительшца. Нохчийн Республикехула йолчу некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхалле валийнарг верриге а 125 некъан боламан бакъенаш талхорхо вара. Нохчийн Республикин Парламентан Председатела дийцарехь, гIуллакх деш долчу законашца нийса а догIуш, оцу нахана уггаре а луьра таIзар дан догIу. Иштта цо тIетуьйхира, уьш бахьанехь цхьа а бехк-гуьнахь доцу адамаш кхалха тарлуш хилла хилар. Цо цаьрга кхайкхам бира шайна а, юкъараллина а хьалха алссам жоьпалле хилар доьхуш.
Дагадоуьйту некъан-транспортан бохамашна профилактика яран республикин оперативни штаб Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца 2015-чу шеран аьхка кхоьллина хилар. Кхо бутт хьалха штабана коьрте Нохчийн Республикин Парламентан Председатель, Россин Турпалхо Даудов Мохьмад хIоттийна хилар. Цул тIаьхьа некъашкахь кхерамазалла латторан болх хаъал жигара а баьлла.
ЯХИХАНОВ Зелимха
№9, пIераска, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де, 2017 шо