ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин школашкахь «Ас ЕГЭ дIалур ю» проектаца нийса а йогIуш, 11-чу классийн дешархоша оьрсийн меттан экзамен дIаелла. Федеральни хьехархойн институто кечдина экзаменехь хиндолу хаттарш. ABBY Monitoring программица дIахьур ду экзаменан жамIаш дар. Оцу программо таро хуьлуьйтур ю экзаменан жоьпаш компьютера чу а даьхна, регионан Дешаран министерствехь леррина кхоьллинчу комиссина нийсачу жоьпашца дешархойн жоьпаш дуста. Берийн белхаш компьютера чу бахарна хьехархошна билгалдаьккхина ши де ду. Цул тIаьхьа пхеа дийнахь комиссис толлур бу экзаменан белхаш.
Дешаран шо чекхдолуш ЕГЭ дIаяла бакъо лур ю «Ас ЕГЭ дIалур ю» проектан зиэрех чекхваьллачу дешархочунна.
Дешаран шо дIадоладелчахьана экзаменашна кечамаш беш бу дешархой. Уьш муьлхачу предметах ца кхета а хьожуш, церан хаарш а толлуш, ледара агIо тидаме а оьцуш, шайна билгалъяьккхинчу хенахь хьехархоша хаддаза белхаш бу дIахьош. Теша лаьа вайн дешархойн ЕГЭ-н жамIаш дIадаханчу шарахь хиллачул а дуккха а дика хирг хиларх.
М.ВЕГИЕВА
№9, пIераска, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де, 2017 шо