Пачхьалкхан тIегIанехь – терроризм

RUK_2045 (1)

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Израилан куьйгалле кхайкхам бина Палестинан халкъана дуьхьал беш болу тIом сацор а, чолхечу хьолах хьалхадовла маьрша некъ лахар а доьхуш. Цу хьокъехь дерг Кадыров Рамзана яздина instagram-хь йолчу шен агIонехь.

«Палестинехь юха а цIий ду Iенош. Израилан бомбанаша а, ракеташа а, снарядаша а хIаллакдеш ду цхьана а хIуманна бехке доцу адамаш. Оха даггара халахетарца кадам бо кхелхинчеран гергарчаьрга а, бевза-безачаьрга а, массаьрга а кхойкху Палестинан халкъан гIолацаре! Израило юха а шегара йоккха къизалла ю гойтуш. Иза бехказйоккхийла дац цхьана а бахьанашца. Палестинера кхийсинчу ракеташа зен-зулам ца дина Израильна. Амма Израило деттачу герзаша бIеннаш палестинхой дахарх хадийна. Оцу пачхьалкхан эскарша дойъу бераш, зударий, къаной. Церан хIун бехк бу? Цаьргара хIун даьлла?», – яздина Кадыров Рамзана.

Цо чIагIдеш ма-хиллара, хIинцале бIеннаш маьрша нах байъина цигахь, денна бойъуш а бу. Бомбанаш а, ракеташ а етта больницашна, школашна, нах бехачу цIеношна. «Оцу дерригене а парггIат, бен-башха ца хеташ хьоьжу США а, Европа а. Цара цхьа а дош ца олу, дIахьедар а ца до Израило лелош ерг пачхьалкхан тIегIанехь терроризм йоллушехь. Оццу хенахь США-с а, церан (союзникаша а) бартхоша а Росси бехке йо Украинехь хуьлуш мел долчу вуочу хIуманна, вайн махкана дуьхьал экономикин санкцеш йо», – боху Р.Кадыровс.

ХIокху безачу мархийн баттахь дIаболийна Израило Палестинан халкъана дуьхьал болу тIом. ХIокху деношкахь тIеман зилехь хилира оцу мехкан премьер-министр Б.Нетаньяху. Керлачу хьуьнаршна бIаьхой ир-кара хIиттош къамел дира цо, къобалдира маьрша палестинхой бойъуш деш долу тIеман тохарш а, тIелатарш а. Бусалбанийн марханаш хиларца цуьнан бала а бац.

Цундела хир ду-кх Нохчийчоьнан Куьйгалхочо бусалбанашка Палестинан махкахь машар хилийтар, маслаIат хилийтар доьхуш Деле доIанаш дахьара аьлла дехар дина хилар. АллахIан бекхамах бовлийла ма дац церан. ХIокху безачу баттахь, Дала мукъ лахь, бусалбанийн доIанаш жоп доцуш дуьтур дац Хастамечу АллахIа.

Кадыров Рамзана дагадаийтира Шемахь а, Мисарахь а, Иракехь а, Овг1анехь а, Ливехь а, бусалбанаш бехачу кхечу пачхьалкхашкахь къийсамаш, сингаттамаш, бала-гIайгIанаш хилар, цигахь бусалбанаш вовшашца тIемаш беш хилар. «Цара массара а чIагIдо шаьш гIазотан новкъахь ду бохуш. ГIазот иштта доккхуш дац. Вайн гIазот хила деза дешар, культура, Iилма, спорт, ийман. Имамаш дуьйцуш лаьтташ ма ду вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен дерриге а дахарехь шина баттахь бен тIом ца бира бохуш. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Ислам даржийна цуьнан хазалла, цIеналла, нийсалла, сийлалла гойтуш», – дерзадо шен къамел Р.Кадыровс.

Цуьнан къамел къобалдеш тIеэцна нохчийн дерриге а халкъо, луларчу регионашкарчу бусалбанаша, кхечара.

(Пайдаэцна Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон пресс-службин хаамех).

С.ХАСАНОВ   

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: