Кхолламан (январь) беттан 30-чу дийнахь «Единая Россия» партин республикехула йолчу отделенин офисехь йийцаре йира Партин проектийн Iалашонаш а, царна тIехь беш болу болх а.
Партин кIошташкахь йолчу меттигерчу кхочушдаран комитетийн куьйгалхошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира «Единая Россия» партин республикерчу отделенин Регионан кхочушдаран комитетан куьйгалхочо Зайналабдиев Валида.
Цо хаийтира чиллин (февраль) баттахь Партин Генеральни кхеташонан президиум хирг хилар а, цигахь хIинццалц кхочушйинчу проектийн жамIаш билгал а дохуш, керлачу проекташца боьзна сацамаш тIеоьцург хилар а.
– Вайн республика хIинцале кийча ю Партис йийца йолийначу керлачу проекташкахь дакъалаца. Керлачу проектех уггаре а гIараевлларш «ГIалин гуонахе» а, «Кегийчу гIаланийн паркаш» а, «Культурин меттигера цIа» а, «Кегийчу гIаланийн театраш» а ю. Оцу проекташна лерина вай вовшахтоьхна координаторийн меттигера тобанаш. Хууш ма-хиллара, Партин уггаре а йоккха проект – «ГIалин гуонахе» ю. И проект кхочушъярна тIехь терго латтош хир ву Россин Пачхьалкхан Думин депутат, Партин республикехула йолчу отделенин Секретаран хьалхара заместитель Селимханов Мохьмад. Ткъа республикин Парламентан депутаташа Нагаев Iаднана а, Тагиев Мурата а, Дадаев Лоьмас а «Кегийчу гIаланийн паркаш», «Культурин меттигера цIа», «Кегийчу гIаланийн театраш» проекташ кхочушъярна тIехь терго латтор ю, – элира В.Зайналабдиевс.
Иштта, цо билгалдаьккхина ма-хиллара, хIора а партпроекте эвсара болх байтархьама, федеральни а, регионан а тIегIанашкахь юкъараллин кхеташонаш кхуллур ю. Царна юкъахь дакъалаца таро хир ю юкъараллин векалийн а, шена тIаьхьа кхиболу бахархой лаьттачу нехан (бахархошна юкъахь дош лелачеран – авт.) а.
– Таханлерчу дийнахь вайн уггаре а коьрта Iалашо ю лакхахь хьахийна йолу проекташ кхочушъяран гIуллакх республикехь дIадоладайтар а, цул тIаьхьа, царна тIехь терго латтор а. Иштта, вайна коьрта а, мехала а ду и проекташ кхочушъяран мелла а эвсара некъаш «кховдо» лаам болу бахархой а, юкъараллин организацийн векалш а билгалбахар, – билгалдаьккхира Партин Регионан кхочушдаран комитетан куьйгалхочо.
И.АДАМОВ
№9, пIераска, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де, 2017 шо