Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийна республикин лоьрийн белхан

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь билгалдаьккхира регионан могашалла Iалашъяран декъехь болх беш лаккхара корматалла йолу говзанчаш хилар. Ша аьлларг тIечIагIдеш, вайн лоьрийн корматалла лакхара хиларна масал далийра цо. Цара, нохчийн лоьраша, дарбанаш а лелийна, когахIоттийна вуочу хьолехь хилла пхи шо кхаьчна волу Алсольтов Абубакар-Сиддикъ.

__4_20150727_1472987025_fb6163df2aebfaa302d72b49e72660c7_w1200_h800

ГIуран (декабрь) бутт чекхболучу хенахь, чIогIа вуочу хьолехь а волуш, Республикин берийн клиникин больнице валийра жима дархо. Лоьраша грибкови сепсис а, деган-пхенийн системин а, кхин а цхьамогIа цамгарш а ю аьлла, диагноз хIоттийра цунна. Жаннаш, дог лозуш, садаIар ца тоьаш хиларо хьал кхин а чолхе дора. Цул сов, цхьа шо сов хан яра цуьнан дагар охьа ца долу.

Вайн больнице охьавиллале хьалха А.-С.Алсольтовс цхьаъ ах бутт гергга хан яьккхира Россин берийн клиникин больницехь. Амма цигахь кхин дарба а ца хилла, кхерамечу хьолехь а волуш, цIа хьажийра кIант а, цуьнан гергарнаш а.

КIантехь долу хьал хиира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина. Цо шен тергоне ийцира кIантана дарбанаш лелоран гIуллакх. ТIаккха цунна дарбанаш лелон долийра.

«Республикин берийн клиникин больницехь дезачу молханех пайда а оьцуш, дарба дан долийра. Абубакар-Сиддикъна дарба хила доладелира. ТIаьхьарчу ялх баттахь когаш тIе ца хIотталуш хилла волу кIант, когаш тIе а хIоьттина, дIаволавелира. Нохчийчоьнан могашалла Iалашъяран министерствон берийн тоьллачу говзанчаша тидам а беш, кхидIа а дарбалелор ду цунна Республикин берийн клиникин больницехь», – яздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо инстаграмехь йолчу шен агIонехь.

«Ас дукхазза а баьхна вайн лоьраш баккхий говзанчаш бу. Иза иштта дан а ду. Царах тешаш хила деза вай. Оцу масало кхин цкъа а тоьшалла дина нохчийн лоьрийн лаккхара корматалла хиларна. Балха тIехь Iаламаташ гайта, кхечу регионашкарчу цIеяхханчу лоьраша а шайн дан хIума дац аьллачу дархошна дарбанаш дан говза бу вайн лоьраш», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

Цо тидам тIебахийтира республикин куьйгалла Нохчийчоьнан могашалла Iалашъяран дакъа махкахь а тоьлла хилийтарехьа дерриге а деш хиларна. Еш ю керла клиникаш, оьцуш бу механа беза гIирсаш, схьабалош бу тоьлла говзанчаш, лакхайоккхуш ю меттигерчу лоьрийн корматалла. И дерриге а дикачу агIор хаалуш ду вайн республикерчу бахархойн могашалла ларъярехь.

С.ХУСЕЙНОВ

№9, пIераска, чиллин (февраль) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: