ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Гуьмсан кIоштан администрацехь Гуьмсан кIоштан депутатийн совето рогIера 11-гIа кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Гуьмсан кIоштан ханна куьйгалхо хIоттийна волу Оздамиров Iусман оцу даржехь чIагIваран хьокъехь долу гIуллакх.

КIоштан администрацин куьйгалхочун дарже харжа хьалхатеттинарг ши кандидат вара: Парламентан депутат Оздамиров Iусман а, Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхочун заместитель Абдулхалилов Якъуб а. Харжаман жамIашкахула, массеран а цхьабарт хиларца Гуьмсан кIоштан куьйгалхочун дарже хаьржира Оздамиров Iусман.
КIоштан администрацин керлачу куьйгалхочо баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна шена иштта тешам баларна. Цо гулбелларш тешийра и тешам ларбархьама Гуьмсан кIошт кхиорхьама шен ницкъкхочург дерриге а ша дийриг хиларх.
Дагадоуьйту республикин Куьйгалхочо Оздамиров Iусман кIоштан администрацин куьйгалле кхолламан (январь) беттан 11-чу дийнахь хIоттийна хилар. КIоштан хьалха хилла куьйгалхо Усмаев Вахит Нохчийн Республикин Куьйгалхочун секретариатан куьйгалхочун дарже сехьаваьккхина.
Оздамиров Iусман лаккхара дешар дешна ву. 2001-чу шарахь Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхочун заместителан дарже хIоттийра иза. 2004-чу шарахь Нохчийн Республикин юьртан бахаман министран гIоьнчин дарже дехьаваьккхира. 2005–2008-чу а, 2016-чу а шарахь Нохчийн Республикин Парламентан депутат а хаьржина. Социальни политикехула а, тIамах бевдда баханчеран гIуллакхашкахула а, къинхьегамехула а, спортехула а йолчу комитетана коьртехь лаьттина I.Оздамиров. Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехула референдум дIаяхьарехь а, Нохчийн Республикин Президентан а, Парламентан а харжамийн хьокъехь долу законаш кечдарехь а жигара дакъалацарна Сийлаллин грамота елла цунна Россин Федерацин Президента Путин Владимира. Иштта цунна совгIаташ дина «Къинхьегамехь билгалваларна» Сийлаллин билгалонца а, «Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиорна» орденца а, «Юкъараллин а, спортан а, Олимпийски а болам кхиорна юкъа доккха дакъа дилларна» дипломаца а.
I.МУРТАЗОВ
№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо