Музейхь Iалашдийр ду Х.Нурадиловн совгIаташ

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин мемориалан комплексехь дIадаьхьира Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин пачхьалкхан совгIаташ билгалъяьккхинчу комплексан музейна гуттаренна дIадаларна лерина цхьаьнакхетар.

22_w1000_h700

Иза дIадолийра А.-Хь.Кадыровн хIолламна хьалха зезагаш дахкарца. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Правительствон а, Парламентан а декъашхой, министерствийн, ведомствийн, юкъараллин организацийн векалш, луларчу Дагестанера баьхкина дуккха а хьеший, Нурадилов Ханпашин гергара нах.

Хьалха вистхилира Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди: «Нохчийн къоман кхоллам хала хилла. Историс хийла зийна вай – нохчий. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахь эзарнашкахь нохчий дIаихна эскарехь гIуллакх дан, Даймохк ларбан. Турпалалла гойтуш дукхахберш кхалха а кхелхина. Царах бIаьрла цхьа масал ду гIараваьлла волу Нурадилов Ханпаша».

– Х.Нурадиловн совгIаташ – «Дашо Седа» мидал, Советийн Союзан Турпалхочун книшкица цхьаьна, хIинццалц Россин оборонин министерствон Коьртачу архивехь латтийна йолу ЦIечу Седанан орден а, Ленинан орден а (тоьшаллашца цхьаьна) – Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Россин Президентан В.Путинан цIарах, дехар деш, кехат дахьийтар бахьанехь Нохчийн Республикина схьаделла. Тахана оха уьш Турпалхочун гергарчарна дIалуш ду, – элира Х.-Б.Дааевс, Ханпашин вешин кIанте Нурадилов Асрудига совгIаташ дIалуш.

40_w1000_h700

«Дукха шерашкахь сатийсинера оха хIокху дийне. Даггара баркалла ала лаьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, Нохчийн Республикин Прокуратурина хIара совгIаташ схьадалийтарехь дакъа мел лаьцначунна», – элира А.Нурадиловс.

Цул тIаьхьа, Нурадилов Асрудис Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу мемориалан комлексан музейна дIаделира шен девешин пачхьалкхан совгIаташ.

Цхьаьнакхет ар дерзош, гIараваьллачу Турпалхочун гергарчу стагана – Х.Нурадиловн цIарахчу фондан куьйгалхочунна Нурадилов Исламана а, фондан Iуналлин кхеташонан куьйгалхочунна Умаев Iусманна а «Россин эпсарш» организацин декъашхойн тоьшаллаш делира.

Дагадаийта лаьа Нурадилов Ханпаша пулеметчик, пулеметан взводан командир хилла хилар. 1942-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Сталинградехь биначу тIамехь еза чевнаш хиллачул тIаьхьа а герз охьа ца дуьллуш, цо 250 немцо а хIаллаквира, церан 2 пулемет а йохийра. Оцу тIамехь 1942-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 12-чу дийнахь кхелхира иза.

1942-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 21-чу дийнахь «ЦIен Эскар» фронтан газетехь араелира Х.Нурадиловх лаьцна материал. Цу тIехь яздинера: «Кхелхина вайн Даймехкан сийлахь къонах – Кавказан лийрвоцу турпалхо, маьлхан кIант, аьрзунийн аьрзу, 920 мостагI хIаллаквина волу бIаьхьо Нурадилов Ханпаша», аьлла.

СССР-н Лаккхарчу Советан Президиуман 1943-чу шеран оханан (апрель) беттан 17-чу дийнахьлерчу Указаца (кхелхинчул тIаьхьа) Советийн Союзан Турпалхочун цIе елира Х.Нурадиловна.

А.ХАСБУЛАТОВА

№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: