Кхолламан (январь) беттан 27–29-чуй деношкахь Красноярскерчу «Футбол-Арена Енисей» футболан майданахь «Иван Ярыгин» цIе йолчу Гран-При серин Дуьненаюкъара турнир дIаяьхьира божаршна а, зударшна а юкъахь. «Адамаша хуьйцу дуьне» яра хIокху шарахьлерчу турниран цIе. Хьешашна а, спортсменашна а атта хилийтархьама турнир схьаелларна лерина 100 метр йохалла а йолуш, пхи гIат долчу цIийнал лекха мультимедин пен бара бина.
Къийсадаларшкахь дакъалецира 17 пачхьалкхерчу латархоша. Iамаркера, ГIажарийчуьра, Японера, Хонкарара, Монголера, кхечанхьара бара уьш. Бевзаш болчу спортсменех Красноярскехь летира 2016-чу шарахь Рио-де-Жанейрохь дIаяьхьначу олимпиадехь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула олимпийски чемпион, Iамаркахо Снайдер Кайл а, оццу олимпиадехь дато мидал яьккхина волу японхо Хигути Рэй а.
Нохчийн Республикера оцу турнирехь дакъалоцуш 9 спортсмен вара. Латарийн хьалхарчу дийнахь дашо мидал яьккхира дегIан йозалла 61 кийла йолчу Чакаев Ахьмада. Финалехь Рашидов Гаджимурадана тIехь толам баьккхира цо. Иштта, дегIан йозалла 125 кийла йолчу категорехь леташ вара Болтукаев Анзор. Хьалхарчу къовсамехь тоьллачул тIаьхьа, турниран коьртачу тIегIане кхочуш вара иза. Делахь а, финалехь Хугаев Алана толам баккхарца, дато совгIатах тоам бан дийзира Россин хьакъволчу тренера Умаров ЖаIас Iамийначу вайн латархочун.
ДегIан йозалла 70 кийла йолчу категорехь толам баьккхира кхин цхьана вайн махкахочо Касумов Исраила. Финалан 8-чу декъехь вайн республикерчу Акбаев Iалиханца леташ вара иза. Тасадалар 5:2 жамIаца дирзира. Финалан доьалгIачу декъехь иза летира Арсеналиев Расулца. Кхузахь а туьйлира нохчи, Гиниятуллин Илдусана тIехь толам а баьккхина, дашо мидал яьккхира А.Касумовс.
Дагадоуьйту, паргIатчу кепара латарехула йолу Ярыгин Иванан сийнна лерина дуьненаюкъара турнир Красноярскехь хIора шарахь дIахьош хилар.
I.ТЕРЛОЕВ
№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо