Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан технологин-экономикин факультетан студенташа Россин дуьненаюкъарчу финансийн а, экономикин а олимпиадехь дакъа а лаьцна, толаман меттигаш яьхна. 2016-чу шеран чиллин (февраль) баттахь дIабахьийтира студенташа шайн белхаш. Дуьненан тоьлла вузаш яра олимпиадехь дакъалоцуш, ткъа вайн республикера цигахь дакъалаьцнарг Нохчийн хьехархойн университет яра.

Хьехархойн университетан студенташа шолгIа дакъалецира ишттачу олимпиадехь. Хаза кхаъ бу университетан ялх студента цигахь толаман меттигаш яьхна хилар. Басханова Седас «Развитие налоговой системы в России» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира (оцу номинацехь хьалхара меттиг бен кхайкхийна яцара), Абдрахманова Эльвирас – «Налоговая система государств» номинацехь, Солбанова Раисас «Развитиекачества жизни в мире» номинацехь кхоалгIа меттигаш ехира, Ахмедханов Батырхана «Промышленная политика в России» номинацехь – йоьалгIа, Агуев Мансура «Совершенствование государственного управления в России» – пхоьалгIа меттиг, совгIатан меттиг яьккхира Дудаев Руслана.
Ца хуург хьоьхуш, кхачамбацарш дIадохуш, студенташца хаддаза къахьийгира Юкъарчу экономикин теорин кафедрин доценташа а, экономикин Iилманийн кандидаташа Тайсумова Хьаьлимата а, Юшаева Разета а.
– Тхан университетехь дика доьшуш а, Iилманийн белхаш тIехь къахьоьгуш а дуккха а студенташ бу. Царна юкъахь уггаре а тоьлла болу студенташ бара олимпиадехь дакъалаьцнарш. Оцу кхиамех тоам бина Iен дагахь бац уьш. Шаьш караерзош йолчу говзаллийн Iилманийн кIоргене кхийдаш бу уьш хIинцале а. Таханлерчу суьрте хьаьжча, дегайовхо кхоллало церан кхане сирла а, Iилманца йоьзна а хирг хиларх.
Карарчу шарахь оцу олимпиадехь дакъалаца лаам болу студенташ кхин а алсамбевлла. Цо тоьшалла до вайн республикехь къона Iилманчаш кхуьуш хиларна, – бохура Хь.Тайсумовас.
М.ВЕГИЕВА
№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо