Къилбаседа Кавказан режиссурин лаборатори – вайн республикехь

Дукха хан йоццуш М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь Къилбаседа Кавказан режиссурин лабораторис болх дIабаьхьира. Масех дийнахь къоначарна шайн зеделларг довзуьйтуш къахьийгира ГИТИС-н хьехархоша.

fc34f61d23b74be53ee07d469bd32064_XL

Цигахь дакъалоцуш вара ГИТИС-н (Театран искусствон Россин институтан) ректор, филологин Iилманийн кандидат Заславский Григорий, филологин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин искусствон хьакъволу гIуллакххо Ястребов Андрей, режиссер, драматург, продюсер Базоркин Минкаил. Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, ХIирийчуьра режиссераш а, къона актераш а бара режиссурин лабораторин курсашкахь дакъалоцуш.

Актерашца кхаа дийнахь дIабахьа лерина болх кIезиг бацара. Хьалхарчу дийнахь хьешаша къоначу актерашна дийцира шаьш и гIуллакх вовшахтохаран Iалашонех а, кхузахь цаьрца бан дагалаьцначу балхах а лаьцна. Цул тIаьхьа режиссурах лаьцна лекцеш йийшира цара. Къоначу актерашна къаьсттина хазахийтира цара тренингаш йича а, шайна мастер-классаш гайтича а.

ШолгIачу дийнахь пачхьалкхан уггаре а дика лоруш йолчу шина вузан векалша: ГИТИС-н режиссурин факультетан декана, Б.Щукинан цIарахчу театральни институтан хьехархочо Байчер Владимира а, ГИТИС-н музыкин театран факультетан декана Сополев Тимофейс а режиссурин декъехула мастер-классаш гайтира актерашна.

Режиссеран а, актеран а говзалла башха чолхе ца хета а тарло цхьаболчарна. Сцени тIехь роль ловзийчахьана актерийн болх чекхбаьлла хетарш а хуьлу. Бакъболчу актерашна бен хуур йоцу къайленаш дукха ю оцу говзаллин. Цу юкъадогIу кега-мерса хIуманаш дара Байчер Владимира а, Сополев Тимофейс а актерашна дийцинарг. Масала, ритмийн шатайпаналлах (интер-шум) лаьцна дийцира. Театрехь оьшучу хенахь аьзнийн а, татанийн а гIовгIа гIатторан искусство ю иза. Лакхахь хьахийначу шимма роггIана урокаш дIаяьхьира актерашца.

«Тешнабехк бар», «Хазахетар», «ГIалат», иштта теманаш схьа а олуш, сцени тIехь, дош ца олуш, куьйгийн иэшаршца и сурт хIоттадар доьхура актерашка. Къоначу актерашна ойла ян луш ерг кIезиг хан яра, хIетте а, дика ларийра актераш. Билгалдаьккхина долу сурт хIоттош, билгалбовлура фантази уггаре а дика ерш. Изза хьалха а волура, ткъа вуьйш – цунна тIаьхьахIуьттура. Иштта, хазахетаран я халахетаран, я цхьана хиламан истори сцени тIехь гойтура актераша. Иштта, оцу кхаа а дийнахь Къилбаседа Кавказан регионашкарчу къоначу актераша жигара дакъалецира шайн дуьхьа вовшахтоьхначу курсашкахь. Царах хIорамма а актерийн говзаллехула долу шайн хаарш гайтира. Царах уггаре а говза актераш къастийра хьешаша. ГИТИС-н хьехархоша хаийтира, тIейогIучу хенахь ГИТИС-хь деша церан таро хирг хилар. Актераша хьешашна баркалла элира шайн хаарш алсамдахарна.

З.ЛОРСАНОВА

№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: