Сулайма-Пайхамар а, зингат а

Вайх дукхах болчарна хезна Сулайма-Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) акхаройн а, дийнатийн а, сагалматийн а меттанаш хууш хилла, иза цаьрца къамеле вуьйлуш хилла бохуш. Iеламнаха а чIагIдо иза иштта хилла хилар а, АллахI-Дала, цунна и дика дина, муъжизат делла хилар. Мухха а цкъа Сулайма-Пайхамара зингате хаьттина хилла боху: – Зингат, цхьана шарахь мел хIума юу ахь?

Mooreavei

– Цхьана шарна кIен цхьа буьртиг тоьу суна, – аьлла жоп делла хилла боху зингата.

Сулайма-Пайхамар ца тешна зингато шега аьллачух. ТIаккха, цо бохург бакъ ду-дац хьажа, и зингат цхьана шишанна чу диллина боху цо, кIен цхьа буьртиг цу чу а тесна. Цхьа шо дIадаьлча Пайхамар хьаьжна зингатехь хIун хьал ду. Дийнна шарахь ах буьртиг бен биъна ца хилла зингато. Цунах чIогIа цецваьллачу Сулаймас хаьттина цуьнга: – Дийнна шарахь кIен ах буьртиг бен ма ца биъна ахь? Хьо муха мегна? Дийцахьа суна цунах дерг!

– Хьалха, ахь со шишанна чу кхоссале, АллахIа сайн рицкъа схьалуш дара со, болх Цунна тIе а биллина, Цунах тешна Iаш дара. Цундела шарахь кIен цхьа буьртиг буура ас. Суна хаьара Дала суо дицдийр доций а, рицкъ а доцуш дуьтур доций а. Ахь и жоьпалла хьайна тIелецира, со шишанна чу а диллина, цу чу кIен цхьа буьртиг а кхоьссина. Хьо дала кхоьллина адам бен дац. Цундела хьох тешна Iойла дацара сан. Ахь суо дицдарна кхоьрура со. Цул сов, хьох хиндерг а ца хаьара. Цуьнан ойла а йина, Делан дикане са а тесна, ах буьртиг бен ца бууш Iийра со. Бисина ах буьртиг тIедогIу долчу шарахь баа битинера ас, – аьлла зингато.

Ша диначунна дохко а ваьлла, шена къинтIера даьккхина хьекъале зингат Сулаймас.

С.ХАМЗАТОВ

№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: