Къонахалла хьаьнг-хьаьнгахь а ца хуьлу

2017-чу шеран хьалхарчу деношкахь, Iаьнан шийлачу суьйранна, балхара яьлла, ТIехьа-МартантIе йоьдучу такси чу хиира со. Суна а, я цу чуьрачу кхечу нахана а, я водительна а ца хаьара и суьйре тхайн дегнашна «шело» йохьуш йогIур юй.

Водитель самукъане а нисвелла, цо дуьненан а, иштта шена тIеIиттаделлачу забаречух а, нохчий хилар доккха хIума хиларх а дуьйцуш, дIадоьлхура тхо. Тхуна тайнера и оьзда, шераш къаналле лестина стаг. Цуьнан 60–65 шо хир дара. КIайн «Шестерка» машена тIехь, цо ша ма-аллара, доьзална напха даккха араваьлла, хьанал къахьоьгуш вара иза.

Цуьнан къамелаца гуш дара иза адам дезаш а, гIиллакх долуш а, шен сица нохчалла йолуш хилар.

Тхо иштта схьадогIуш а долуш, Соьлжа-ГIаларчу Окружной олучу меттехь, тхан водитель Iаьржачу «Приора» машенал хьалхавала хьаьжира. Амма «При- орин» водитела хьалха ца валийтира иза. Цул сов, шен машен дIаса а хьийзош, тхуна хьалха «ца вешаш» ловза яьккхира иза. Тхан водитель холчу хIоьттийнера, иза цецваьллера. Тхоьга кхин цхьа а дош олуш вацара иза.

Жимма хан яьлча «Приорина» тIаьхьа а кхиъна, шен машенан чиркхаш летон хIоьттира тхан водитель. Машен ца сацайора, бакъду, тхан водитель а къар ца лора. БухIан-Юьрта чу верзале, некъо гола туххучохь, сецира «Приора».

Тхан водитель машена чуьра охьавосса а кхиале, охьа а иккхина, чухьаьдира жима стаг (20–25шо). Эхь-бехк ца лоруш, воккхачу стагана мерана тIе мара а хIоттийна, дIахIоьттира иза. Тхан водителан мера кIел пIелгаш, буйнаш лецарца шен «стогалла» гайтира цо. Тхан водитела цуьнга, бехк боккхуш, бохура: «Со мел воккха ву хьол? Нохчий дац вай? Со гIалат ваьллехь а, къано вац со хьуна хьалха? Иштта хила мегар ма дац! Нохчий ма ду вай».

«Приорин» водителан бала а бацара воккхачу стага бохучуьнца. Иза «чIогIа» стаг вара, кхин ца хиллал «чIогIа». Къаночун мера кIел вахана, иза кхеро «стогалла» йолуш, цхьана дас-нанас кхиийна «нохчи» ву бохург вара иза. Ша нийса ву, бехк воккхачу стеган бу, бохура цо. Иза кхета а ца кхетара дуьйцург некъаца ца лардина гIиллакх цахиларх. Шен шерашка ца бина ларам бара воккхачу стагана Iаьткъинарг.

Некъаца мах беш лаьтташ хилла волу цхьана стага, тIе а веана, юьстахваьккхира «Приорин» водитель: «Хьо жима ма ву, и хIун ду ахь лелориг?», аьлла. Цуьнга а гIиллакхе боцу мотт лебира жимачу стага: «…ХIара таксист ю, кхин хIумма а яц…».

Тхан водитела, машен чу а хиъна, жимма собар а дина, аракхевдина элира: «Ас хьан лоьмар дагахь латтор ю, хьан нахана цара муха кIант кхиийна хоуьйтур ду ас».

Цунна дуьхьал, оьрсийн маттахь, эвхьаза дешнаш хазийра жимачу стага. Тхо «тапп» аьлла Iара, оцу суьрто дегнаш човхийнера, тхо Iадийнера.

Тхан водитела машен меллаша дIайолаялийтира. ГIеххьа некъ бира оха тийналлехь. Воккхачу стеган бIаьргех, гIаддайна, хиш дуьйладелира. Нохчалла дIайолуш хиларна, къонахаллин еза цIе ларцаярна, тIекхуьучу тIаьхьенан ойла еш доьлхуш дог дара иза.

«ХIара шераш оцу жимачу стага сайга тIаьххьара аьлла дешнаш алийта даьхна хилла-те ас!?», – хазийра цо тхуна.

Шуна ма моьттийла, нохчийн кIентий, шайн сий дайъиначул тIаьхьа, иза шаьш юхаметтахIоттор ду. Дац! «Приорин» водитель, ахь хьалха хIун лелийна ца хаьа тхуна, амма оцу суьйранна хьайн «къонахалла» лаьтта буха, гуттаренна а дIайоьллира ахь. КхидIа муха лела воллу-те хьо

П.ХИЗРИЕВА

№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: