Къилбаседа ХIирийчоьнан (Алани) Ирафски районерчу Хазнидон юьртахь дIадаьхьира Джип-триалехула республикин къийсадаларш. Уьш лерина дара некъан бохамехь кхелхина Тамаев Ирбек дагалацарна. Къийсадаларшкахь дакъалоцуш бара Къилбаседа Кавказан федеральни округан ерриге а регионашкара машенаш хахкархой. Царна юкъахь – Нохчийчоьнан векалш а. Къийсадаларш дIадаьхьира «Туризм» категорехь, 1200 метр беха болчу чолхечу, халачу новкъахь. Цу тIе яхь къовсар дIахьочу хенахь тIетоьхнна догIуш догIа а дара. Оцу хьоло кхин а халчу баьккхира некъ.
Нохчийчоьнан векалш «Дикая дивизия» клубера (директор Муртаев Муртаз) бара. Царах билгалъяьлларг Хатуев Назарбекан экипаж яра. Экипажан штурман вара Пертаев Вахьид. Къийсадаларшкахь дакъалоцуш дукха машенаш хиларе а, некъ йочано гуттар а халчу баьккхина хиларе а хьаьжна ца 1аш, Хатуев а, Пертаев а кхиамца чекхвелира дистанцехула. И некъ эшо 6 минот а 37 секонд а тоьира цу шинна. Нохчийчуьрчу шина спортсменал хьалхвала ницкъ кхаьчнарг, хIара некъ дика бевзаш волу Къилбаседа ХIирийчоьнан векал бен вацара. Оцу республикин экипажанчул 21 секонд оьшуш хилира вайн спортсменийн жамI.
Цу тайппана, хьалахара меттиг яьккхира ХIирийчуьрчу Каратаев Шемалан а, Цопбоев Сосланан а экипажо. Вайн спортсменийн шолгIачу меттигах тоам бан дийзира. Хатуев Назарбекана Тамаев Ирбекан бераша дато мидал а, Сийлаллин грамота а, 50 эзар сом ахча а делира, ткъа толамхочунна ВАЗ–2107 машен елира.
КАРДАНОВ Тимур
Суьтра тIехь Н.Хатуевн (аьтту агIор), В.Пертаев