Муфти кегийрхошца цхьаьнакхийтира

Чиллин (февраль) беттан 2-чу дийнахь М.Лермонтовн цIарахчу Оьрсийн пачхьалкхан драмин театрехь школийн дешархошца а, спортан секцешкарчу спортхошца а цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочо Межиев Салахь-Хьаьжас. Цхьаьнакхетарехь иштта дакъалоцуш вара Культурин министр Дааев Хожа-Баудди а, спортан министр Хизриев Хасмохьмад а, чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитель Алаудинов Апти а, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон наркотикаш лелорна тIехь терго латторан урхаллин хьаькам Арсанукаев Iела а, оццу министерствон некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхаллин хьаькаман заместитель Духаев Iийса а, кхиберш а.

photo_2017-02-02_16-55-45

Муфтис цаьрца дийцаре дира таханлерчу дийнахь долу цхьамогIа лазаме гIуллакхаш. ТIекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетор-кхиоран Цхьааллин концепци кхочушъяран гурашкахь хилира и мероприяти.

Салахь-Хьаьжас дийцира экстремизмах а, терроризмах а долучу зуламах а, и зулам юккъера дIадаккха дезарх а, иштта, дин а дуьйцуш, Ислам-динца цхьа а зIе а йоцуш болчу зуламхойн тIеIаткъамах кегийрхой ларбарехь дан дезачух а лаьцна.

– Кегийрхойн кхетам тило а, галбаккха, уьш шайн машанна а, террористийн тобанашна а юкъаозо Iалашо ю экстремистийн идеологин. Царна лууш дерг – ду дерриге а дуьненахь бусалбанаш байъар, церан цIий Iенор, – билгалдаьккхира цо.

Кегийрхошка муфтис кхайкхам бира хавариджийн харц идеологашка шаьш Iеха цадайтар а, шаьш-шайн дахар Iожаллин новкъа цадаккхар доьхуш а.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь билгалбехира дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу «Сийлахь-деза Къуръан дешаран говзанча» цIе йолчу конкурсехь толамхой хилларш. Царна Сийлаллин-грамоташ а елира, совгIаташ а дира.

I.АДЛАНОВ

№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: