Гуьмсехь «МегаФонан» интернет-чехкалла – 100 Мбит/с

Чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь дуьйна Гуьмсан ерриге а кIоштахь «МегаФонан» интернет 100 Мбит/с чехкаллица болх бан йолаелла. Цунна лерина, «МегаФонан» «Мобильни мукъа денош» проектан (телеком-проект) гурашкахь, оцу кIоштахь хьошалгIахь хилира Къилбаседа Кавказехь а, Россин Къилбехь а цIеяххана бевзаш болу журналисташ а, блогерш а.

3

Телеком-проектан дакъалацархоша Устрада-ГIалахь а, Гуьмсехь а, Джалкхехь а, Керлачу Бенахь а (оцу шахьаршкахь 2016-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь дуьйна болх бан йолаелла доьалгIачу тIегIанера тIех маса йолу интернет – 4G) 100-зза сов юьстира интернетан чехкалла. Оцу дустарша гайтира уггаре а чехка интернет лекхагIишлойн «Гуьмсе-Сити» комплексан гуонаха хилар – 107 Мбит/c.

Устрада-ГIалахь а, Джалкхехь а мобильни интернет 65–90 Мбит/с чехкаллица болх беш ю. И бахьана долуш, оцу шахьаршкарчу бахархойн а, федеральни М29 «Кавказ» трасси тIехула дIасалелачеран а аьтто бу тIех маса йолчу интернетах пайдаэца.

Гуьмсерчу Ташу-Хьаьжин цIарахчу коьртачу маьждигехь Гуьмсан кIоштан Къанойн кхеташонан куьйгалхочун Темирбаев Вахарсолтин къамелана онлайн-трансляци йира (50 Мбит/c чехкалла йолчу интернетах пайда а оьцуш) Facebook а, Instagram а социальни сеташкахула.

Цул тIаьхьа телеком-проектан дакъалацархошца цхьаьнакхийтира Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхо Оздамиров Iусман. РогIерчу цхьаьнакхетарна а йира хьешаша онлайн-трансляци.

– ХIокху кIоштахь туристашна гайта а, ган а хьакъйолу объекташ иттаннаш ю, – элира цо. – «МегаФонан» «Мобильни мукъа денош» проект бахьана долуш хIокху кIоштахь а, республикехь а болу культурин а, Iаламан а, архитектурин а хIолламаш а, меттигерчу бахархойн Iер-дахар а онлайн-трансляци а латийна, карарчу хенахь дуьненна а дIагайтало. Иза мехала гIуллакх ду. Цунах тхуна реклама хуьлу. Рекламо туристаш тIебоьху. Ткъа республикехь туризм кхиоран гIуллакх, вайна хууш ма-хиллара, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тергонехь латтош ду.

1

Оцу хьокъехь йолу шен ойла йовзийтира «МегаФонан» республикехула йолчу филиалан директора Сугаипов Сайд-Эмис.

– «Мобильни мукъа денош» проект ши Iалашо йолуш ю: «МегаФон» компанин хьашташ, дерриге дуьненахь а тоьлла лоручу технологех пайдаэцарца, яржор а, республикин таханлера дахар а, туризмана кхоьллина долу хьелаш а дуьненна дIагайтар а, – элира С.-С.Сугаиповс. – ТIаьхьарчу шина-кхаа баттахь республикерчу кхин а 32 юьрта кхаьчна «МегаФонан» интернет. Царах дукхах йолчу ярташка кхаьчнарг еккъа цхьа мобильни интернет хилла ца Iаш, тIех маса йолу интернет ю. Массарна а 4G цIарца евзаш ю и технологи.

Кхузахь билгалъяккха йогIу 4G-н а, 3G-н а сеташна юкъара коьрта башхалла – тIех маса хилар (60–100 Мбит/с). 4G-н технологех мо- бильни зIенаш латторан компанеша пайдаэцар бахьана долуш бахархойн, мах хийцалуш а боцуш, аьтто хуьлу тIех маса йолчу интернетах пайдаэца. Масала, 3G-сетан интернетах пайдаоьцучо 1,5 Гб барам болу файл 25–27 минотехь тIеяккхахь а, 4G-сетан гIоьнца и 8–10 минотехь тIеяккхало. Цул сов, кхачам боллуш йолу FullHD-х а ца эцало пайда 4G-технологин тIех маса йолчу интернетаца бен.

И.ИСЛАМОВ

№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: