Экологин шарца доьзна дагадовлар

Карара шо Экологин шо ду аьлла дIакхайкхош долчу Указана куьг яздина Россин Президента Путин Владимира. Цуьнан Iалашо ю экологина юкъараллин тидам тIеберзор а, биологин тайп-тайпаналла ларъяр а, экологин кхерамазалла хилийтар а. И Указ кхочушдаран гурашкахь Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин советан кхеташо хилира хIокху деношкахь.

IMG_6192_w1200_h800

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур а, республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министерствон экологина тIехь пачхьалкхан терго латторан департаментан директор Шовхалов Iумар а, республикехь берийн бакъонаш ларъяран векал Хирахматов Хьамзат а, «Россин юкъараллин экологин тергам» регионан отделенин председатель Лулуев Iабдулмадид а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаментан а, Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманан-талламан институтан а, Iаламах пайдаэцаран декъехь терго латторехула йолчу федеральни службин республикехула йолчу урхаллин а, республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векалан а, Ерригроссин халкъан фронтан республикехь йолчу штабан а, коммерчески йоцчу организацийн а векалш.

Кхеташо дIайолош республикин Юкъараллин палатин председатела Батаев ГIайрсолтас билгалдаьккхира, Юкъараллин палато Россин Президента Федеральни Гуламе диначу костехь билгалдаьхначу гIуллакхашца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо хьалха хIиттийначу декхаршца нийса а догIуш болх бийриг хилар. 2017-чу шарахь хьалхе йолуш ду гIоьналлин гIуллакхаш лелор а, волонтерийн болам кхиор а, коммерчески йоцчу организацийн белхан гIолацар а, бюджетерчу ахчанах социальни хьашташ коммерчески йоцчу организацеша кхочушдарна тIехь терго латтор а, похIмечу берашца болх бар а, кегийрхойн Iилманан-техникин кхолларалла кхиор а, къоначу Iилманчийн гIолацар а, белхалойн корматаллашна марзо кхоллар а, кхетош-кхиоран болх а, иштта законопроекташна юкъараллин экспертиза яр а.

Цул тIаьхьа къамел дира Юкъараллин палатин могашаллин а, экологин а гIуллакхашкахула йолчу комиссин председатела Каримов Iалус. Цо билгалдаьккхира гуонахарчу Iаламан хьоло бахархойн могашаллина тIеIаткъам беш хилар а, цуьнца доьзна экологин кхерамазалла лакхаяккхар доккхачу маьIне хилар а.

Экологин шеран гурашкахь, комиссис (2017-чу шарахь) дIаяхьа леринчу мероприятийн план йовзийтира Юкъараллин палатин декъашхочо, экологин гIуллакхашкахула йолчу белхан тобанан куьйгалхочо Токаев Рамзана. Цо гулбеллачаьрга доцца дийцира, комиссис министерствошца а, ведомствошца а цхьаьна бан леринчу балхах лаьцна.

Цо билгалдаккхарехь шеран хьалхарчу чийрикехь экологин хьолана мониторинг ян лерина Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштахь. ШолгIачу чийрикехь, юкъараллин терго яран гурашкахь, мониторинг йийр ю Соьлжа-ГIаларчу БухIан-Юьртан а, Соьлжа-Юьртарчу а баьццарчу маданашна а, Органан пачхьалкхан историн-архитектурин заповедникана а. Иштта, Хьачарарчу а, Нихаларчу а туризман комплексашкахь республикин субботникаш а, Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманан-талламан комплексан институтехь Iилманан-практикин конференци а дIахьур ю.

КхоалгIачу чийрикехь мониторинг йийр ю латтанийн хьолана а, латтанаш бехдар Iорадаккхарна а. Цул сов, республикин дешаран а, Iилманан а, Iаламан тIаьхьалонийн а, гуонахара хьал лардаран министерствошца цхьаьна дешаран учрежденешкахь болх бийр бу, «Экологин декъехь долу проблемин гIуллакхаш а, граждански юкъараллин институтийн декхарш а» цIе йолчу темина кхеташо дIахьур ю.

ЙоьалгIачу чийрикехь комиссин декъашхой дагахь бу бахархойн экологин культура шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула лакхаяккха. Цу юкъа гIур ю дийнатийн а, ораматийн а хьолах а, уьш лардаран пайданах а лаьцна йолу телерадиопередачаш яр а, зорбанан а, электронни а гIирсашкахь хир йолу материалаш а, «Экологин культура а, адамийн могашалла а» аьлла йолу буклеташ арахецар а.

Кхеташонан дакъалацархоша шайн къамелашкахь массара а бохург санна къобалйина тIеийцира могашалла а, экологи а ларъяран гIуллакхашкахула йолчу комиссис дIаяхьа леринчу мероприятийн план.

Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министерствон векала Шовхалов Iумара шен къамелехь билгалдаьккхира комиссис бан леринчу белхан, нагахь санна пачхьалкхан органашца цхьаьна, юкъараллин институташ юкъа а озош, 2017-чу шарахь республикехь Экологин шо а, къаьсттина лардеш долчу латтанийн шо а дIадахьарна леринчу (Правительствос шен сацамца чIагIйинчу мероприятийн) планан гурашкахь болх бахь, кхин а лакхара жамIаш хирг хилар. Цо дийцарехь, республикин экологин хьал тодарна лерина дIахьур ю 33 йоккха мероприяти.

Хирахматов Хьамзата гулбеллачеран тидам тIебахийтира Iаламца лараме юкъаметтиг хила езарна а, хиш чуьра дийнаташ лардан дезарна а, хийистош къепе яло езарна а, бахархошна садаIа бегIийла хьелаш хилийта дезарна а.

Нохчийн Республикин хьакъволчу эколога Лулуев Iабдулмадида хьахийра хьаннаш а, баьццара майданаш а Iалашъяр маьIне гIуллакх хилар. Адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппаратерчу Хачукаева Маринас мониторинг а, экологин хьал довзуьйтуш йолу мероприятеш а дIаяхьарехь шайгара гIо-накъосталла хирг хилар хаийтира.

Кхузахь иштта дийцира, шуьйрачу хаамийн гIирсех алссам пайда а оьцуш, бахархошца кхетош-кхиоран болх дIабахьа безарх лаьцна. Хьахийра школашкахь хьуьнахойн цхьаьнакхетараллаш юхакхолла а, экологин проблемийн гIуллакхашкахула йолу юкъараллин телефонан лини кхолла езаш хилар.

«Зударий – кхиарехьа» цIе йолчу автономни коммерчески йоцчу организацин куьйгалхочо Базаева Либкана дийцира «ДIадогIа дитт» цIе йолу республикин акци дIаяхьа езарх а, иза кхочушъян шаьш гIолоцург хиларх а лаьцна.

Кхеташонан жамI деш, республикин Юкъараллин палатин председатела Батаев ГIайрсолтас билгалдаьккхира пачхьалкхан Iедалан органашца а, бакъонашларъяран органашца а зIенаш а латтош, федеральни а, меттигерчу а Iедалан органашкахь йолчу юкъараллин советийн тIаьхьалонах пайда а оьцуш, болх кхин а жигарбаккха безаш хилар. Дийцинарг тидаме а эцна, Юкъараллин палатин совето чIагIйира Экологин шарна леринчу мероприятийн план.

I.ГАЙРБЕКОВ

№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: