Пенсионни фондера керланаш

Электронни кепехь заявлени

Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенис электронни кепехь заявленеш дIаоьцу хIора баттахь луш долу ахча (ЕДВ) хIоттадайта. ПФР-н сайта тIехь (www.pfrf.ru) йолчу электронни сервисо гIоленаш яран тобанна юкъабоьлхуш болчу гражданийн таро хуьлуьйту шайна бегIийла йоллучу хенахь ЕДВ хIоттадайта заявлени чудала, ткъа цул тIаьхьа пхеа денчохь и ахча эца бакъо луш долу документаш Пенсионни фонде дала. Керла электронни сервис къаьсттина пайдехь ю заьIапхошна, хIунда аьлча, царна заьIап хиларца доьзна хIоттош долчу пенсица цхьаьна ЕДВ хIоттош хиларна. Отделенин управляющин заместительна И.Алиевна хетарехь, электронни кепехь иштта хьашташ кхочушдаран гIуллакхан хьакъ боллу мах хадийна регионан бахархоша. Лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, ПФР-хь электронни кепехь кхочушдеш долу дерриге а хьашташ цуьнан pfrf.ru сайта тIехь довза а, кхочушдайта а йиш ю. Бакъду, цунна пачхьалкхан хьаштийн цхьааллин порталехь (gosuslugi.ru) чIагIдаран учетни йоза (запись) хила деза. Бахархойн аьттонна Пенсионни фондан республикехь йолчу ерриге а клиентски службашкахь цигарчу говзанчаша чIагIдо порталан сайта тIехь регистрацех чекхваьллачу гражданинан и учетни йоза. Нагахь иза цунах чекхваьллехь, пайдаэца безар бу регистраци ечу хенахь билгалъяьккхинчу логинах а, паролах а.

Кхелхинчу пенсионерана лерина пособи

Кхелхинарг дIаверзош болчарна бакъо елла велларг дIавуллуш кхочушдеш долчу маьхзачу хьаштех пайдаэца я иза дIаверзорна пособи схьаэца. Дагадаийта луур ду карарчу хенахь иза 5 277 соьман 28 кепекан барамехь хилар. ПФР-хь и пособи кхелхина болх беш боцу пенсионераш дIаберзорна бен луш дац, нагахь кхелхинчу денна иза яр тIехь долуш йолу социальни страховани ян езаш ца хиллехь. Нагахь кхелхинарг болх беш а, иштта страховани ян езаш а хиллехь, пособи цо болх бинчу меттехь лур ду. Ткъа кхелхинарг пенси оьцуш а, болх беш а ца хиллехь, бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран органашка ваха веза. Пособи схьаэца бакъо ю майрачух-зудчух дийна висинчун (йисинчун), юххерчу гергарчу нехан, кхелхинарг дIаверзоран декхар шена тIелаьцначун. Оцу Iалашонца пенсионера пенси оьцуш хиллачу ПФР-н меттигерчу урхалле ваха веза иза кхелхинчул тIаьхьа ялх баттал тIаьхьа доцуш. Велларг дIаволларна луш долу пособи дIало иза схьаэца веанчу дийнахь ЗАГС-хь еллачу стаг кхалхаран хьокъехь йолчу № 33 йолчу справкин буха тIехь. Пособи схьаэца веанчуьнгахь иштта хила деза шен документ а, кхелхинчун къинхьегаман книжка а (шена тIехь иза балхара дIаваьккхина хиларан хьокъехь йоза а долуш). Нагахь кхелхинарг ша цхьамма гIуллакх деш волу предприниматель хиллехь, дIаяла еза гражданин ханна къинхьегамна хьуьнаре цахиларан, ноналлица доьзна социальни страховани ян езаш хилла цахиларан хьокъехь социальни страховани яран фондера справка. Цул сов, доьзалан декъашхошна иштта дIало пенсионер кхалхарца доьзна дIадалаза дисина пенсин бухадисина дакъа а. Пенсионер кхелхинчу денна цуьнца цхьаьна бехаш хиллачу гергарчеран 6 беттан хеначохь схьаэца йиш ю и ахча.

РогIера семинар

ПФР-н Устрада-ГIалахь йолчу урхаллехь гIалин а, кIоштан а страховательшца рогIера семинар дIаяьхьира цуьнан куьйгалхочо Исмаилова Сацитас а, пенсеш хIитторан, дIадаларан, пенсина йолчу бакъонан мах хадоран отделан говзанчас-эксперта Гараева Тамарас а. Дийцаре дира таханлерчу денна уггаре а мехалчарах ларалуш долу гIуллакхаш: урхалло страховательшца электронни кепехь цхьаьнагIуллакхаш дар жигардаккхар; яр тIехь долчу пенсионни а, медицински а страховани ярна ахча гулдар хIокху шеран кхолламан (январь) 1-чу дийнахь дуьйна Россин налогийн Федеральни службин органашка дIадалар. Цхьаьнакхетаран дакъалацархошна довзийтира страховательшца электронни кепехь цхьаьнагIуллакхаш дар вовшахтохаран коьрта декхарш, пенси хIотторна оьшуш долчу документийн электронни кепаш (образец). Семинарехь гIаларчу тайп-тайпанчу организацийн векалша оцу балха тIехь шайн шеконаш кхуллучу дийнна цхьамогIа гIуллакхех лаьцна хаттарш дира меттигерчу урхаллин куьйгалхочуьнга. С.Исмаиловас царна, кхетош, дуьззина жоьпаш а делира. Семинаран болх дIаберзош цигахь билгалъяьккхира цуьнан мехалла. Тидам тIебахийтира страховательшца цхьаьнагIуллакхаш дар жигардаккхаро пенсионерийн хьашташ кхочушдар дикка тодан гIо дийриг хиларна. Цхьаьнакхетар чекхдолуш страховательшна елира хаамийн тайп-тайпана материалаш, шайна юкъахь зIенан телекоммуникацин каналашкахула пенси хIотторна оьшуш долчу документийн электронни кепаш тIехь йолу памятка а йолуш.

Пенсеш тIера ахча сацор

РФ-н Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенис хаамбо ПФР-н меттигерчу органаша пенсеш тIера ахча сацор «Страховой пенсийн хьокъехь» аьлла долчу 2013-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 28-чу дийнахьлерчу Федеральни законаца нийса а догIуш, дIахьош хиларан хьокъехь. И ахча сацадо кхочушдаран (исполнительни) документийн буха тIехь; пенсешца кхачояр дIахьочу органийн сацамашца, пенсионерана сов делла ахча юхадерзор Iалашо йолуш, тIелацам талхийна хиларан хьокъехь, къинхьегаман пенсин барам хийцабаларан, я иза дала сацо хьал кхолладалар пенсешца кхачояран органе сихха хаамбина цахиларца доьзна; пенсионера хьарамло лелор суьдехь чIагIдар бахьанехь пенси тIера ахча сацоран хьокъехь суьдан сацамца доьзна. Статистико гойтуш ма-хиллара, пенсех хаъал доккха дакъа сацадо коммунальни такхарш дина цахиларца доьзна тIеэцначу кхочушдаран документийн буха тIехь. Дагадаийта луур ду оцу документийн буха тIехь ахча сацочу хенахь пенсех 50 процент гражданинна бухадита дезаш хилар. Бакъду, оцу кепара доза ца туху кегийчу берашна алименташна догIуш долу ахча сацош, могашаллина дина зен меттахIоттош, зулам дар бахьанехь доьзална напха латтош верг кхалхарца доьзна хилла зен меттахIоттош. Ишттачу меттигашкахь сацош долчу ахчанан барам 70 проценте кхача а тарло. ХIоттийначу пенсех пенсица кхачояр дIахьочу органийн сацамца 20 процентал сов ахча сацо бакъо яц. Масала, 80 шо кхаьчначу пенсионерана Iуналла деш волчунна компенсаци яран кепехь хIора баттахь дала ахча хIоттийна иза цхьанхьа а балхахь цахиларна. Амма иза балха хIоьттина, бакъду, меттигерчу урхалле цунах лаьцна хаам ца бина. ТIебогIучу баттахь дуьйна компенсаци схьаэца бакъо дIаяьллехь а, 5 баттахь ахча эцна цо, дерриге а 6 эзар соьман бармехь. И ахча юхадерзо дезаш ву и гражданин шен лаамехь я суьдан сацамца. Кхин цхьаъ ду тидам тIебахийта безаш. Пенсица кхачояр дIахьочу органийн сацамца догIучул совнаха эцна ахча сацош декхар текхна валале пенси далар дуьззина сацийнехь, бухадисина декхар суьдан сацамца меттахIоттадо.

Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолу отделени

№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: