ДIадаханчу бIешеран кхузткъе уьтталгIачу шерашкахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редакце балха веара, хIетта эскарехь гIуллакх дина, цIавеана волу жима стаг Цугаев Сулейман. Белхан коллективехь башха тамаш а ца бира редакцин болх, журналистика дика евзаш воцу жима стаг газетан коьртачу редактора Габисов Бийсолтас балха дIаэцарх. Иштта схьаэцна вара Алиев Iальви а, цхьаццаболу кхиберш а, редакторан амалца дара ша муьлххачу балхахь хилча а, къоначарна гIо дар а, царна балхахь гIоленаш яр а.
Сулейман балха веанчу хьалхарчу деношкахь дуьйна, редакцехь ша болх беш волу дуккха а шераш долуш санна, цхьаннах а ца къаьхкаш, ийза ца луш, юьззина бакъонаш йолу декъашхо хилла юкъавахара журналистийн коллективана. Дукха хан ца ийшира цунна коллективах вола а, яздан Iама а. Редакцин белхахоша даима а язъеш йолу статьяш а, хаамаш а, очеркаш а, репортажаш а язъяр сихха карадирзира Сулейманна. Амма цунах цо тоам ца бора. ХIетахь редакцехь язъеш йолу теманаш а, объекташ а цензуро а, обкоман бехкамаша а цхьана гураюккъе ерзийна яра. Оцу гуран дозанех тIехдовла йиш яцара.
Юьхьанца Сулейман, кхиболу журналисташ, тIаьхьа шайга жоп дехарна кхоьруш, шайх лаьцна дийца ца хIуьтту теманаш леха волавелира. Цо майрра дуьйцура нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ лардарна а Iедалан меттигерчу органаша ечу новкъарлонех лаьцна. Ала деза Сулейманан оцу дIадолоран редактор Б.Габисов ондда гIолоцуш хилла хилар.
Нохчийн, гIалгIайн къоман истори, гIиллакхаш харц гойтуш я талхош, къоман Iадаташ дIадаханчу ширачух зуламе бухадисинарш ду бохуш, «Iилманан» белхаш язбора меттигерчу цхьаболчу Iилманчаша. Оцу тIехь къаьсттина билгалвуьйлуш вара Пачхьалкхан университетан хьехархо-историк хилла Виноградов. Цуьнан и белхаш къобалбеш тIеоьцура партин обкоман, Iедалан меттигерчу органийн куьйгалхоша. Ткъа оцу Iилманийн керлачу «схьаделларшна» резавоцург я дуьхьал дош аьлларг пачхьалкхан мостагI лорура. Амма, хIетахь, оцу гIуллакхехь мел яккхий чIагIонаш хиллехь а, Iилманчас дуккха а шерашкахь язбина «Iилманан» белхаш харц хилар чIагIдеш, церан орамаш хедош, царна кхачам боллуш анализ еш, майрра масех материал газетехь зорбатуьйхира Сулеймана. Уьш къобалъеш тIеийцира, долуш долу хьал дика девзаш йолчу республикин юкъаралло. Иштта, юха ца хьоьжуш, бакъдолчух лаьцна майрра яздора цо. Статьяш, репортажаш, кхечу жанрашкахь йолу материалаш кечъяран шен хатI, кеп яра къоначу журналистан.
Сулейманан къонахалла, стогалла къаьсттина билгалъелира нохчийн халкъана цхьа а бехк боцуш кочатесна, чубеана хиллачу тIамехь. Цо гайтира ша кхиъна ваьлла волу лаккхарчу корматаллин журналист хилар. Иза хуьлура уггаре а луьрачу, кхерамечу меттигашкахь. Цигахь шена гиначух лаьцна отчеташ а, репортажаш а язйора цо. 1994-гIа шо чекхдолуш Эна-Хишкин бахархой Ростов – Баку новкъахула чуйогIуш йолу танкийн дивизи сацо гIоьртира. Цунах лаьцна оьрсийн маттахь йоккха статья язйира Сулеймана, Садови олучу майдана бомбанаш йиттина, дукха адамаш хIаллакдира. Цунах лаьцна репортаж кечйира. ГIуран (декабрь) беттан 31-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь луьра тIемаш хилира. Уьш уггаре а буьрса а, луьра а хиллачу дуккха а меттигашкахь хилира Сулейман, дерриге а шена гарца, церан мах хадорхьама. Иза шен белхан коьрта декхар лорура цо.
Журналистикехь кхиамца болх барца цхьаьна литературин кхоллараллехь а кхиамаш баха волавелира Сулейман. Цуьнан дийцарш а, публицистикин а, мехалчу темашна а йолу материалаш зорбатоьхна, араевлира «Ленинан некъ», «Возрождение» газеташкахь а, «Орга» а, кхечу а журналашкахь а.
Даима а бакъдерг лоьхуш, харцо ца езаш, нийсонна тIехь вара Сулейман. И ойла хьоьхура цо шена юххехь а, гуонах а болчарна. Шен накъосташца чоьхьара стаг вара иза, ша везийта а хаьара. ДагадогIу суна: цхьа йоI езаелла, Алиев Iальвица цхьаьна иза йолчу воьдура иза. ТIаьххьара а хан йиллира. Иза дерриге а тхуна, цуьнан белхан накъосташна, дика хууш дара. Юххехь ваша а, йиша а доцуш, цхьана ненаца Iаш волчу Сулеймана тхо шен уггаре а гергара накъостий лорура. ЙоIа йиллина хан гергакхаьчча, Сулейманан нанас Марета, суна тIе а еана, соьга дийцира зуда яло йолчу шен таронах лаьцна, тIедиллира зуда ялор дIадерзорехь гIо-накъосталла дар ас сайна тIелацар. Цул тIаьхьа, шолгIачу суьйранна хене а дахана, оха Сулейманан нускал Шалажахь бехаш болчу цуьнан ненахошкахь доссийра. Ткъа там-махбар дIадирзинчул тIаьхьа нускал Сулейманан цIа а далийна, оцу суьйранна цуьнца доьзна хиллачу синкъерамехь а Iийна, Iуьйранна тхо, Сулейманан накъостий, цIадаьхкира. Иштта вара Сулейман. Цунна дукхадезара адамаш, шен юрт, юьртахой, царах, шех санна, тешара, дозалла дора.
Сулейман виц ца во цуьнан белхан накъосташа а, цуьнан дай баьхначу шалажхоша а. Иза вина денош билгалдохуш, Сулеймана дешначу юьртарчу №1 йолчу школехь цуьнан дахарна а, балхана а, кхоллараллина а лерина стендаш кечйо, суьйренаш вовшахтуху. Цига кхойкху Сулейманан гергарчаьрга, цуьнан хиллачу белхан накъосташка. Журналист, публицист, яздархо, дерригенал а сов, оьзда стаг хилла волу Сулейман юьртана, цуьнан бахархошна доккха дозалла, юьхькIам бу.
С.Цугаев вина 1953-чу шеран бекарг (март) беттан 3-чу дийнахь Казахстанерчу Кокчетавскан областан Келлеровски кIоштарчу Богодуховка юьртахь. 1970-чу шарахь чекхъяьккхина Шалажара №1 йолу юккъера школа. Цул тIаьхьа Эна-Хишкарчу автоклубехь автошкола чекх а йоккхий, шоферан говзалла йолчу Сулеймана «Чечингстройтранс» организацин гаражехь болх бо. 1971–1973-чуй шерашкахь эскарехь гIуллакх дина, авиацин лейтенант хилла цIавеара.
Эскарехь гIуллакх деш волчу хенахь цо шен кхоллараллин ницкъаш зийра, жима волуш дуьйна ша сатийсинчу журналистикехь. Цуьнан статьяш, очеркаш кест-кеста араюьйлура эскаран «ЦIен байракх», Нохчийчуьрчу «Ленинан некъ» газеташкахь. Ткъа 1974-чу шарахь иза «Ленинан некъ» газете балха вогIучу хенахь журналистан белхан дикка зеделларг а, хаарш а долуш вара. Редакцехь корректоран, корреспондентан, выпускающин, жоьпаллин секретаран белхаш бира. Дукха хан ялале Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете деша а вахара. 1980-чу шарахь ТIехьа-Мартан кIоштан «Знамя ленинизма» газете жоьпаллин секретаран балха дIавигира иза. Цигахь шина шарахь болх а бина, юха а «Ленинан некъ» газете юхавирзира. XX-гIа бIешо чекхдолуш халкъан мостагIаша республикин тIемаш а, кегарий а, зуламаш а чудеана, газеташ а, журналаш а шен-шен хенахь арадовлар сацийна хиллачу хенахь Сулейманна болх карабора «Орга» журналехь а, «Справедливость», «Возрождение» газеташкахь а. С.Цугаев кхелхина 2000-чу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь.
С.МАГОМАЕВ
№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо