Цхьа тамашийна башха аз дара цуьнан, хьеннан лерса хьаста ницкъ кхочур болуш. Дукха хьолахь, цо дIаолуш дерш халкъан турпалаллин иллеш дара. Иллиалархо а халкъан эпосо винера цунах, тIаьхьуо ша а иллеш яздан волавеллехь а. Ша дешнаш яздина иллеш а халкъан мукъамийн хотIехь дIаолура автора. Жимачо а, воккхачо а, цхьабосса, дезаш тIе а оьцура уьш. Ламанах схьаIийдало сирла шовда санна долу иллиалархочун зевне аз дара цунна «бехке». Вай вуьйцуш верг Сулейманов Баудди ву. Мухха делахь а, цуьнан ницкъ кхочура ладогIархойн синкIоргене кховда, гIайгIанехь делахь дог ира-карахIотто, ойла тIома яккха, сирлачу кханенах тешо. Нохчийн къоман культурехь мах боцу беркат хилла дIахIоьттина илланчин кхолларалла. Заманан йохалла биц бан амал доцчу нохчийн къонахийн могIарехь ю Сулейманов Бауддин цIе. Заманан йохалла тIе Iеха ца лацалуш, хIинца а халкъана дезаш ду цуьнан иллеш. Илланчин цхьадолу могIанаш нуьцкъала дека.
Мокхаза бердашкахь букар дарц хьовзийча,
Буьрсачу мехаша ламанаш херцийча,
Кегийчу кIорнешка декъаза хьал хIоьттича,
Ша орцахделира тIам Iаьржа и леча…
Сулейманов Баудди дуьнен чу ваьлла 1902-чу шарахь Девкар-Эвла цIе йолчу нохчийн ширачу юьртахь, Салин Сулимин а, цуьнан хIусамненан Баттин а доьзалехь. Юьртахь цIе йоккхуш, бертахь, ийманехь доьзал хилла Сулимин. Баудди воцург, цуьнан доьзалехь кхин а кхо бер хилла. Дауд, Юсуп цIерш йолуш ши кIант а, Таибат цIе йолуш йоI а. Iаламат хала ду цуьнан бералла ирсе яра ала. Бауддин ворхI шо кхочуш, нана дIаяьлла бисина доьзал. Цул сов, Баудди жимачохь дуьйна лазарш лехьош, эгIаза а хилла. Морзгал (оспа) цIе йолчу цамгарх ца ваьлла и пекъар. И бахьанехь бIаьрса доцуш висина, бала токхуш хилла жимачохь дуьйна. Амма дукха чIогIа сема лерса долуш хилла Баудди. Цкъа хезна мукъам схьалоцуш хилла цо, юха иза ша дIаала хьуьнар долуш а хилла. Кхин цхьа ирс хилла цуьнан – дена дукха везаш хилла кIант. ХIара цамгарца хиларна, кхуьнан терго алсам еш хилла Сулимас. Дечиг-пондар Iамо сакIамделла Баудди вуй хиъначу ден доттагIчо Асхьаба гIо-накъосталла дина кIантана и говзалла караезо. Суьйранна, сагатделча, дечиг-пондарх пIелг тосуш, ша-шен самукъадаккха таро лучу говзаллех тоам бан ца лиъна кхиъна вогIучу кIантана. Иза дукха саготта хилла пондарчин говзалла кхидIа шаръян лууш. КIентан и сингаттам тосабеллачу дас кхунна орцахвала сихо йина. Массо а юьртахь гергара нах, бевза-безарш дуккха а болчу Бауддин дена Сулимина Галнехь карийна Нохчийчохь а гIараваьлла вевзаш волу пондарча Дубин ТIака. Цуьнга дехар дина, кхидIа а корматалла кIаргъеш, пондарчин говзаллина Iамавайтина Сулимас шен кIант. Дечиг-пондар лакха говза хиларал сов, Бауддигахь тIаьхьара мукъам ала а дика аз хааделлачу ТIакас, нохчийн къоман бартакхоллараллера иллеш Iамийна къоначу пондарчина. Сулейманов Бауддис Дубин ТIакин гIоьнца Iамийна дуьххьара дIааьлла «Адин Сурхо», «Таймин Биболат», «Эвтархойн Ахьмад», «Мержойн кIезалган», иштта дIа кхидолу иллеш. Башха аз, дIаолучу иллин сурт хIотто говзалла хилар, шовкъан барам ларбан хаар, дерриге а долуш дара къоначу иллиалархочуьнгахь. Советийн Iедал тIедале, ханна жима велахь а, Теркаца Iохкучу нохчийн ярташкахь гIараваьлла вевзаш пондарча-иллиалархо вара Сулейманов Баудди.
Амма дагахь доцуш, 1914-чу шарахь дIаболабелира дуьненан хьалхара тIом. 1917-чу шеран оханан (апрель) баттахь иза социальни революцига бирзира. Революцин коьрта туш Петроградехь хиллехь а, Iедалан архаш къийсаран дIаьвше ун йоккхачу Россин массо а маьIIехула дIасадаьржира. Кавказ юьстахюьсийла дацара оцу луьрачу къовсамна. Эххар а, Нохчийчу кхечира иза. Шен эскарца инарла Деникин вара Теркаца Iохкучу гIалагIазкхийн станицаша аьтто беш, Нохчийчоь цIарах яго араваьлла. 1917-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 29-чу дийнахь Девкар-Эвла кхечира инарла шен бIоца. Сийна цIе йиллира къоман дозалла хилла лаьттинчу нохчийн ширачу юьртах. Бехк боцу дуккха а адамаш хIаллакдира. ЦIенош дагийра. Буьрсачу тIеман цIергахь тIеийцира Девкар-Эвларчу пекъарша тIедогIу 1918-гIа шо. Керлачу шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь а буьрса тIом дIаберзаза бара. Ягийна, чим бина дIахIоттийначу Девкар-Эвлах Iебаш вацара инарла Деникин. Веддарг, хьулвелларг ца вуьтуш, тIедетташ дара буьрса герз.
Вай езаш ва йина вайн гIийла хIусамаш,
Корах алу ва туьйсуш, йогучу цу дийнахь;
Юрт юьллуш дехкина вайн шуьйра урамаш,
ХIотта меттиг ва йоцуш, сийсочу цу дийнахь;
Вай керлах балийна, вайн хьомсара несарий,
Марзойн цIерш ва йохуш, кхойкхучу цу дийнахь;
Вай дина дай-наной, совца меттиг ва йоцуш,
Орцане ва кхойкхуш, хьийзачу цу дийнахь,
Сема ладогIалаш дехачу цу юьрта –
Наношна ва доьлхуш бераш хезар ду шуна!
Вайна безна мехкарий, шайн-шайний ва бохуш,
Вайн цIераш ва етташ, вайга хьуьйсуш бу шуна!
Эгор бу вай, кIенатой, эхь дайна мостагIий,
Бохор бу вай, кIенатой, сий доцу мостагIий.
Болатах ва дина, терсмаймал ва тарраш,
Лакха хьала ва уьйъуш, вай царна деттар ду!
Нохчийн пхьераша ва йина хьенапан шаьлтанаш,
Вовшашка ва кхийдош, вай царна Iуьттур ю!..
Иштта дIадолалуш ду Деникинан бIоно Девкар-Эвла яккхарх лаьцна долу илли. Дукха хьолахь, халкъан бартакхоллараллера илли ду олий цIе йоккху цуьнан. Хила там бу иза иштта а. Къаронаш йохуш, цунах хIумма дийца сан бакъо яц. Делахь а, суна хетарехь, и турпалаллин илли Сулейманов Бауддис даьккхина ду. Цкъа-делахь, и инзаре ирча бохам Девкар-Эвлана тIебоьссича, тIаьхьуо гIараваьлла илланча хинволу Баудди пхийттара ваьлла жима стаг вара. Поэтан семачу синбIаьргашна гина, цуьнан синпхенашца лезна, экамечу даго хуьйдина чолхе хьал ду илли тIехь дуьйцург. ШолгIа-делахь, илланчин кхидолу иллеш санна, «Девкар-Эвла яккхарх долу илли» дукха хьалхе зорбане даьлла, поэтан нийсархошна девзаш хилла. КхоалгIа-делахь, Сулейманов Бауддис Шерипов Асланбеках а, Нурадилов Ханпашах а даьхна иллеш хотIаца, кепаца а оцу иллица догIуш ду.
Дог майра Асланбек ша юкъа иккхича,
Болатчу шен герзех кадетта и ваьлча,
МостагIийн эскарех коржамаш цо яьхча,
Йоьхна дIаяхара кIайчеран и гIера…
Нохчийн халкъан бартакхолларалли тIехь хьалакхиъна, халкъан иллин хатI цIийх доьлла, масал эца кхин говзар йоцуш, шен заьIапалла бахьанехь иза еша аьтто боцуш, Дала комаьрша деллачу похIмица когавахана, сирлачу ницкъах аз дуьзна, нохчийн халкъан дахарехь хуьлуш лаьттачу хийцамех ала, яздан экамечу сица зевне дош карош, карийнарг мукъаме дерзош, хьанал къахьегна, кхиаман зовкхе кхаьчна Сулейманов Баудди. Мел яккхий халонаш шена тIехIиттарх, цкъа а Делан диканах дог дуьллуш ца хилла цо. Мелла а Советийн Iедалах Iехавелла, и бахьанехь, ша схьаваьллачу халкъан дахарехь хила тарлучу дикачу хийцамашка сатесна, екхначу ойланашца вехаш а хилла иза. Сулейманов Бауддин цхьана а кепара шеко ца хилла Советийн замано хьалакхиийна стаг Даймахкана, цуьнан баьччина, компартина муьтIахь волуш, церан дуьхьа ваха, ваца, вала кийча хила декхарийлахь хиларх. И санна болу кегийрхой бу поэтан кхоллараллин турпалхой. Царна хастамаш беш Iанаоьху Сулейманов Бауддин зевне аз. Цунна къеггина тоьшалла ду поэта Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашина даьккхина илли.
Замано литтинчу халкъан кIенташца,
Турпала Ханпашин сирла цIе ели.
Даймехкан къаьмнаша Ханпаша хестош,
Довхачу даг тIера иллин аз дели.
Да-нана доккхаден, сий долуш хилла,
ДоттагIий резабан, яхь йолуш хилла,
Шен езар елаян, дог майра хилла,
Майрачех цхьаъ хили и жима Ханпаша.
И вара къонахех къонаха хилларг,
И вара силаллин сий довза ваьхнарг.
И вара оьзда дайн некъах цатилларг,
Ламанхойн турпалхойн цIерш дукха яьхнарг…
А.ГАЗИЕВА
№10, шинара, чиллин (февраль) беттан 7-гIа де, 2017 шо