Билгалдаьккхира республикин Прокуратурин 17 шо кхачар

Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театрально-концертийн залехь чиллин (февраль) беттан 8-чу дийнахь республикин Прокуратурин 17 шо кхачарна лерина доккха цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

IMG_8629

Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо С.Тагаевс, Парламентан Председатела М.Даудовс, республикин прокурора Ш.Абдул-Кадыровс, министраша, бакъонаш ларъяран органийн а, суьдийн а векалша, кIоштийн прокурораша, кхечара.

Цхьаьнакхетар Россин а, Нохчийчоьнан а, Россин Генеральни прокуратурин а гимнаш лакхийтарца дIадолийра. Мехкан Прокуратурин ламастех а, цо бечу балхах а лаьцна дуьйцуш йолу фильм гайтинчул тIаьхьа сцени тIе велира республикин коьрта прокурор.

– Ас дозаллица дIакхайкхадо, 17 шо хьалха, республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпа лхочун Кадыров Ахьмад-Хьажин дехарца а, гIо-накъосталлица а кхоьллина йолу вайн Прокуратура Россехь тоьллачеран могIарехь хилар. Республикин Куьйгалхочунна бакъонийн муьлххачу а тIегIанера гIуллакхаш кхочушдарехь гIортор а хилла лаьттина а, лаьтташ а, кхидIа лаьттар йолуш а ю Прокуратура, – элира Ш.Абдул-Кадыровс.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къамелехь меттигера Прокуратура республикин а, федеральни а законодательствона гIаролехь лаьтташ хилар билгал а доккхуш, цуьнан тоьллачу белхахошна Сийлаллин грамоташ елира.

– Прокуратурин белхахоша шаьш бахархойн а, республикин а дуьхьа къахьоьгуш хилар дукхазза а гайтина. Тахана Абдул-Кадыров Шарпудис куьйгалла деш йолу вайн Прокуратура Россин субъектийн тоьллачу прокуратурийн могIарехь ю, бахархоша дикачу дашца хастош ю. Цундела ас даггара баркалла боху шуна тхан а, республикин а дуьхьа къахьегарна. Могаш-маьрша а долуш, ирсе дехийла шу дуккха а шерашкахь, – элира республикин Куьйгалхочо.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь культурин министерствон белхахоша кечйина концертан программа гайтира.

Билгалдаккха догIу республикин Прокуратура 2000-чу шеран чиллин (февраль) беттан 8-чу дийнахь Россин Генеральни прокуроран №15 долчу омрица кхоьллина хилар.

Зуламхойн карах оцу 17 шарахь республикин Прокуратурин 11 векал кхелхина.

И.АДАМОВ

№11, пIераска, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: