Карарчу шеран масех баттахь Соьлжа-ГIалахь йина ер йолуш ю «Ford» компанин дилеран туш. Иштта хаам бина республикин транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана.
«ДIадаханчу 2016-чу шарахь «Ford» компанин Россехула филиал йолчу «Ford Sollers-н» векалшца ас дукхазза а дийцинера вайн республикехь оцу компанин дилеран туш схьаелларан гIуллакх. Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон УГИБДД-н урхалло баржийначу хаамца нийса а догIуш, республикин бахархошкахь «Ford» маркин 10 эзар сов машен ю. ХIинццалц шайн машенийн цхьаъ галъяьлча, я Дагестанерчу Хасавюьрта, я Ставрополан крайрчу Пятигорске баха безаш хуьлура. Бахархойн и проблема кестта дIаер ю. Кхузахь суна гиначу суьрто дог тешадо дилеран туш карарчу цхьана-шина баттахь йина ериг хиларх», – яздина цо инстаграмерчу шен агIонехь.
Билгалдаккха догIу дилеран туш инвестицийн чоьтах еш хилар а, цигахь, мел лаххара а, 40 белхахо оьшург хилар а.
«Оцу дилеран туьшахь шега болх балур бу аьлла хеташ мел верг республикин транспортан а, зIенан а министерстве кхойкху оха», – бохура Р.Черхиговс.
Дилеран туш схьаелларх республикина бюджете керла налогаш хилла ца Iаш, бахархошна белхан меттигаш нислург хилар а доккха гIуллакх ду.
Министра иштта хаам баржийна дукха хан а ялале, цунах шайна кхаъ хилла хилар а, болх бан шайн лаам хилар а хоуьйтуш, яздира дуккха а наха. Уьш зерхьама министерстве кхайкхира.
З.ПАТАХОВА
№11, пIераска, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де, 2017 шо