Грозненски кIоштарчу Чурт-ТогIера 16 шо долу Дулаев Халид Россин МЧС-н мидалца билгалваьккхина. 2016-чу шеран аьхка шо кхаьчна волу кIант хи чу воьдучуьра кIелхьарваьккхина цо.
Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхалло 2016-чу шарахь бинчу белхан жамIаш даран гурашкахь дIадаьхьира Дулаев Халидна совгIат дар. МЧС-н Къилбаседа Кавказан региональни туьшан куьйгалхочо Литюк Николайс дIаелира Дулаев Халидна мидал.
МЧС-н республикехула йолчу Коьртачу урхаллин куьйгалхочо Яхъяев Руслана шен къамелехь билгалдаьккхира Халидан хьуьнар массара а шех дозалла дан хьакъ долуш а, кегийчара а, баккхийчара а шех масал эца дезаш а хилар.
– Бер хи чу доьдучу хенахь воьхна ца хьаьвзина Халид. Шен хеннахь, кхин ойланашка а ца вуьйлуш, иза кIелхьарваьккхина цо. Халид майра кIант хилар бахьана долуш даьлла цуьнгара и тайпа хьуьнар, – бохура Р.Яхъяевс.
Лакхахь ма-аллара, дIадаханчу шеран аьхка хилла иза. ГIудалкхи чохь волчу жимачу кIентан терго а ца еш, ловзаваьллачу шина кIантах бIаьрг кхийтира хийистехула волавелла лелачу Халидан. Церан тидам бе-е-ш схьавогIуш волчу цунна цIеххьана и гIудалкх хи чу хьодуш гира. Шена и гича, сихха тIеведира иза. Цо гIодар бахьана долуш, зен-зуламах кIелхьарваьлла шо кхаьчна волу кIант.
З.ЛОРСАНОВА
№11, пIераска, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де, 2017 шо