Терго хьан ян еза: дай-наноша я дешаран министерствос?..

Хууш ма-хиллара, таханлерчу вайн дахарехь социальни сеташ, къаьсттина WhatsApp, ца хилча дукха хала хир дара. ХIинца а церан гIоьнца, царна чухула лело девлла вай гергарлонаш а, захалонаш а, ур-аттал дешар а цхьаьна царна чу даьккхина.

47591895

WhatsApp чохь берийн бошмашкарчу берийн а, школашкарчу дешархойн а дай-наноша шайн юкъара тобанаш кхоллар хIинца ламаст а хилла дIахIоьттина ала мегар ду. Царна чухула хуьлу церан а, хьехархойн а «юкъаметтиг».

Иштта йолчу цхьана «юкъаметтиган» тобана юкъахь болчаьрга даийтира хIокху деношкахь 1-чу классан хьехархочо (юрт а, школа а, хьехархо а ца йовзуьйту) аудиояздар.

«ЙоIарий, сан хIун дара шуьга ала?! ХIокху берашца цIахь болх бахьара аш. Хьехахьара аш царна урокашкахь муха Iен деза а, хьехархочуьнца муха хила деза а. Цкъачунна, кхара со тергал еш а яц: царна, ма-дарра аьлча, со гуш а яц. ЙоIарий кIентех леташ, кIентий вовшашца тийсалуш, сан тидам бан рагI кхочуш а яц царна. Баккъал а бакъдолуш, чIогIа телхина догIуш ду хIара бераш. Цхьа а бер дац кхарах лела хууш. Ма доккха хIума ду хIара. Ас я хIорш сецо беза, я урок яла еза? Соьга ши болх ца бало! Хьовсийша оцу шайн берашка», бохура оцу аудиояздарехь.

ТIаккха 20–25 шо кхаьчна болу зударий, «шайгахь дахаран доккха зеделларг а, лаккхара кхетам а болу дела», чIогIа тIетайра хьехархочо бохучунна, къобалдира хIинцалерчу берашна «совца», «IадIе» бохург хIун ду хууш цахилар а, дай-наноша царна хIумма а хьоьхуш цахилар а. Амма кхечу дай-наноша. Ткъа хIокхара шайн берашна гIиллакх-гIуллакх а, эхь-бехк а хьоьхуш хиларе ладоьгIча, жимма а дог-кIеда верг, бIаьрхиш ца хьовдуш Iийр вацара.

Делахь а, коьртаниг и дац… Коьртаниг хьехархочо дина къамел ду. Билла бехк буй цунна аьлча, «бац» ала тарло. Ткъа иза цхьа агIо бен яц. ШолгIа агIо вайн халкъан синкхетамах йоьзна ю, аьлча а, Нохчаллах. Нохчаллица доьзна бен вайн халкъо цкъа а хIума лелийна дац: дин, Iер-дахар, болх бар, иштта дIа кхин а. Вай ца боху и хьехархо шен белхан декхарш ца девзаш я говзалла йоцуш ю. Кхузахь дуьйцург кхин ду – Нохчалла. Йоьхний теша и Нохчаллах, «шун цхьанна а берана лела ца хаьа, йоIарий кIентел а хьере бу, соьга уьш ца сецало» аларца?..

Цу тIе даьлча, «лела а ца хууш, кIентел а хьере болуш, сеца а ца луш болчу йоIарша» ма боху шайн хьехархо «урок йолалуш чу а йогIий, шайна бан болх а лой, тIаккха урок чекхъяла масех минот йиссалц арайолу».

ТIаккха хьан ян еза теша оцу гIуллакхна терго: дай-наноша я дешаран министерствос?..

И.ИСЛАМОВ

№11, пIераска, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: