Нохчий махках бахале хьалха 154 юрт а, кIотар а, нах беха меттигаш а хиллачу Итум-Кхаьллан районна чуйогIуш тахана 13 юрт ю. Царах яккхийчарах лоруш ю районан коьрта юрт ша Итум-Кхаьлла а, иштта ГутIе а, ЧIаьнта а, Уьшкхаьлла а, Хьачара а.
Оцу ярташкахь а, вуьшта районан ерриге а ярташкахь а бIаьрла хийцамаш хилла кху тIаьхьарчу шерашкахь. Царах ду Итум-Кхаьллахь схьайиллина Хь.Исаевн цIарах йолу мохкбовзаран «Пхьакоч» музей а, цунна лулахь долу юьртан доккха маьждиг а, юьрта юккъехь схьадиллина культурин цIа а, администрацин гIишло а, «Дахаран зезагаш» берийн беш а, РЭС-н гIишло а.
Районе хьовха, ГутIе, Уьшкхаьлла, ЧIаьнта, КхокхатIе, Гучум-Кхаьлла газ ялийна.
Кхойкху-ИбрахIиман (Зумсахь) а, Кот-ИбрахIиман (Мулкъахь) а цIарах зераташ схьадиллина. ЧIаьнтарчу Бабаш-ГутIехь схьайиллина (меттахIоттийна) шира тIеман бIов. ЧIаьнтан луларчу Иткоьллашка боьду 3 км. некъ биллина.
Юьртахойн ницкъашца БугIарахь маьждиг дина. Органан бердаца иштта башха ламазан цIа дина Башин-Кхаьллан вахархочо Джигуев Мохьида. Хьачарахь маьждиг дина юьртахочо Байсаров Руслана. Маьждиг дина Гучум-Кхаьллахь. Кешнашна керт а, ламазан цIа а дина ГутIехь.
ЧIаьнти Органна тIехула Исхойн кIотара ваха таро лун тIай тиллина.
Зумса тIе ток йигина, некъ баьккхина.
КхокхатIе лулахь Орга хи тIехь йина чекхйолуш ю хих ток йоккху жима станци (ГЭС), иштта станци ян лерина Уьшкхаьллахь а.
Дуьненчохь а гIараяьлла Хьачарахь (Ведучи) ян йолийна ламан-лыжни курорт. Цунна тIедогIу некъаш дахкаран белхаш дIахьош ю евзаш йолу Москвара фирма НПО «Мостовик».
Некъаца дукха хаза керт еш, чудерзош ду Уьшкхаьллара кешнаш, хьаладоьттина чекхдолуш ду ламазан цIа а.
Дан лерина а кIезиг дац районехь. Царах ю Итум-Кхаьллахь ян лерина садаIаран-спортан база а, йохк-эцаран комплекс а; Гучум-Кхаьллахь ян лерина садаIаран база а, туристашна лерина хьажаран майданца кафе а; ЧIаьнтахь лерина хьешацIа дан; Исхой юьртахь лерина чIерийн Iаьмнаш а долуш садаIаран база ян; гIишлошъяран тIулг боккху карьер йилларан гIуллакх а ду кхушара дIадолор долуш.
Хууш ма-хиллара, нохчий махках бахале республикин жижиган а, шурин а, цунах шурин сурсатийн а коьрта база (80%) хилла йолу Итум-Кхаьллан район, хIинца кхечу агIор – туризм кхиорца, шен лаьмнийн, боьранийн, хийн, шовданийн, башхачу Iаламан хазаллех пайдаэца Iама йолалуш ю.
Т.САРАЛИЕВА