Iалавдин Ахьмадан Арсланах лаьцна дийцира

Iалавдин Ахьмадан Арсланах лаьцна дийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь.

d6

«Тахана суна дийца лаьа шен къонахаллица, турпалаллица, барам боцучу майраллица, шен дайн латта дезарца а, керлачу Даймахкана – Иорданина, тешаме волуш, гIуллакхдарца нохчийн халкъ гIарадаьккхина волчу Нохчийчоьнан сийлахьчу кIантах лаьцна.

Вайн халкъан дахарехь бохаме хиламаш дукха хилла. Совцуш боцу тIемаш, Османски импере а, Юккъерчу Азе а, Казахстане а, Сибрех а дIакхалхор, кхидерш а… Башха доккха а доцу вайн халкъ иттанаш мехкашкахула дIасакхийсина, даьржира. Ас дозаллица боху, шаьш миччахь а хиларх, нохчаша вайн дайн тоьлла амалш гайтина – кIорггера Делах тешар, сий, оьздангалла, къонахалла, комаьршалла, къинхетам, Даймахкана муьтIахь хилар, хааршка кхийдар… Нохчийн халкъан уггаре а гIарабевллачу кIентех цхьаъ вара Иорданин гIагIтанкийн эскарийн дивизионан инарла, Иорданин (цхьаъ бен хилла воцу) шозза Турпалхо, 1967-чу а, 1973-чу а шерийн Iаьрбийн-израилхойн тIемийн турпалхо, спецназан командир хилла волу Iалавдин Ахьмадан Арслан», – яздина Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхина, Ахьмадан Арслана 1979-чу шарахь Маккахь террористаша дIалаьцна йолу КаIбат схьаяккхарехь дакъалаьцна а, Iаьрбийн цхьамогIа мехкашкахь терроризмана дуьхьал къийсам латторехула леррина операцеш дIаяьхьна а хилар. Цунна Турпалхочун цIе шолгIа тиллархьама Иорданин паччахьа законна юкъа хийцамаш балийна хилла.

Yakam

Р.Кадыровс дийцарехь, Ахьмадан Арслана даима дозаллица дуьйцура ша нохчи хиларх а, цундела, бусалба динан а, Даймехкан а бакъболу патриоташ оьшучохь, сий-ларам а, дикалла а къасточохь ша уггаре а хьалха хила (цига кхача) декхарийлахь хиларх а лаьцна. Иза кест-кеста вогIура дай баьхначу лаьтта тIе, динан дайшца, къаношца, кегийрхошца цхьаьнакхетара, шен дог даима а Нохчийчоьнан лаьмнашкахь ду олура цо. Арслана ша нохчи хиларх дозалла ма-дарра, нохчийн халкъо а дозалла дора шен къомах схьаваьлла иштта турпала кIант хиларх.

Цкъа Арслан Нохчийчу веана волуш, 2012-чу шеран хIутосург (май) баттахь, Нохчийн Республикин Парламентан хIетахьлерчу Председатела Абдурахманов Дукхувахас тIеэцнера иза. Парламентан Председатела даггара баркалла элира Ахьмадан Арсланна, кхечу пачхьалкхехь Iаш а, ерриге Герггарчу Малхбалехь вевзаш эскаран хьаькам а воллушехь, Даймахке болу безам даг чохь латтийна ца Iаш, иза шен кIенташка а дIакхачорна. Нохчийн халкъан дуьхьа Арслана диначу хьуьнарийн мах хадош, Абдурахманов Дукхувахас совгIатана (нохчийн бустамашца кечйина йолу) шаьлта елира цунна. Iалавдин Ахьмадан Арслан кхелхинчул тIаьхьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун сацамца, цуьнан цIе тиллира Соьлжа-ГIалин цхьана урамна.

Нохчийн къоман исторехь а, иэсехь а даима а ехар ю цуьнан сийлахьчу кIентан Iалавдин Ахьмадан Арсланан цIе.

А.СУЛИМАНОВА

№11, пIераска, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: