Ораматаш кхиоран чоьнаш

Цоци-Эвлан йисттехь Iуьллучу майданахь 50 сов гектара тIехь ораматаш кхиоран парникаш ехкина. Цигахь къахьоьгуш бу Чинера балийна говзанчаш.

Цара юкъаялийначу системица хасстоьмаш дика а, сиха а кхуьу. Дуьххьарлера хасстоьмаш хIокху аьхка хир ду вайн республикерчу туьканийн гIопасташкахь.

Таханлерчу дийнахь парникаш чохь кхуьуш ду оцу махкара деана долу помидорийн а, наьрсийн а хIуш. ЦIен а, сирла-цIен а, боьмаша а помидораш ю царна юкъахь, иштта наьрсаш а ю тайп-тайпанчу цIершца билгалъяьхна.

ХIинца стаканаш чохь дIайийна ю зIийдигаш, уьш хIора дийнахь асарах дIацIанйо белхалоша. Парникаш чохь 25–30 градус йовхо хила еза, цундела цхьана парника чохь 10 пеш ю. Дийнахь а, буса а, цIе дIа а ца йойтуш, пеша чу дечиг туьллуш латтайо белхалоша йовхо.

«Карарчу ханна хIу дIатесна даьлла, зIийдигаш гучуевлла, царна тIехь болх беш дохкуш ду тхо. Газ ягор атта делахь а, экологина дика дац, цул сов, харж а йоккха хуьлу. Дечиг туьллуш пешаш хиларна, газ дIаяларна а ца кхоьруш, сапаргIат болх бо оха», – дуьйцу предприниматела С.Канташевс.

Кхидолчунна тIехь вайзаманан технологешца дIахьош бу белхаш. Хи тохарехь Голландин технологи юкъаялийна. Цундела белхалойн къахьегар жимма аттачу долу.

И проект бахьана долуш Курчалойн кIоштахь бехачу дуккха а нахана белхан меттигаш нисъялар билгалдаьккхира Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхочо Абдулаев Iелас.

– Чинера инвесторшца цхьаьна йина йолу проект бахьана долуш Курчалойн кIоштарчу 150 сов стагана белхан меттиг нисъелла. Иштта проект хилар доккха беркат ду тхуна, – элира цо.

Кхин а масех баттахь парникаш чохь кхиор ю зIийдигаш, цул тIаьхьа ораматаш кхиочу чоьнаш чу дIаюьйр ю.

Уьш кхиийначул тIаьхьа, кхин хасстоьмаш дIабуьйр бу. Иза билгалдоккху проектан куьйгалло.

Хь.БАХТАЕВА

№11, пIераска, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: