ХIокху шеран дуьххьарлера дуьненаюкъара WFCA-33 турнир дIаяьхьира чиллин (февраль) беттан 4-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Колизей» спорт-холлехь. Цул хьалхарчу дийнахь «Ахмат» клубан а, масех пачхьалкхерчу а латархойн йозалла уьйзира «Грозный» НПТРК-н йоккхачу павильонехь. Турнирехь дакъалоцуш бара Россера, Бразилера, Босни-Герцеговинера, Украинера, Эрмалойчуьра, ГIиргIизойчуьра, Казахстанера ийначу кепара латаршкахула болу тоьлла латархой.
Турниран сий-лараме хьеший бара республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад а, республикин езачу атлетикин Федерацин президент Кадыров Мохьмад а, кхузза Олимпийски чемпион Сайтиев Бувайсар а, боксехула Олимпийски чемпион Чахкиев Рахьим а, ProFC версехула дуьненан экс-чемпион Емельяненко Александр а, UFC-н экс-чемпион Вердум Фабрисио а, ичигекихула дуьненан чемпион а, каратэхула Японин чемпион Курбанов Леча а. Ткъа уггаре а къона хьовсархой Кадыров Рамзанан кIентий бара. Иштта, оцу турнире хьовса баьхкинера луларчу регионашкара хьеший а. Турнир гойтуш яра «Матч Боец» а, «Грозный» НПТРК а телеканалаша. Дерриге а 12 латар хилира кхузахь. Хьешашца леташ бара республикин латархойн «Ахмат» клубера вайн махкахой а, клубан кхечу къомах болу векалш а.
Турниран коьрта хилам бара «Ахмат–2016» Гран-Прин финалистана Дудаев Iабдул-Рахьманна а, бразилхочунна Вирджинио Даниэлана а юкъахь хилла долу тасадалар. Дудаевс толам баьккхира цигахь. Иштта, «Ахмат» клубан сий лардеш летира ММА-н вевзаш волу дагестанхойн латархо Хасбулаев Мохьмадрасул. Бразилера Виейра Фернандо эшийра цо. Турниран итт латарехь толамаш бехира «Ахмат» клубан векалша. WFCA-33 турниран гурашкахь латаран говзалла гайтира къоначу спортахоша а. Цара оцу хиламна ян ма-езза тренировкаш а еш доггах кечам бинера.
Латарийн суьйренехь лаккхарчу говзаллин промоутеран «Ахмат» лиго а, йозаллехь UFC-н чемпион хиллачу Бразилерчу Вердум Фабрисиус а цхьаьна бартана (контрактана) куьйгаш яздира. Иштта, UFC-н юкъарчу нохчийн латархочун Бибулатов Мохьмадан а барт хилира Филиппинерчу Дженел Лаузаца UFC-хь шен хьалхара латар дIадахьа.
Дагадоуьйту «Ахмат» сиха кхуьуш йогIуш йолу латархойн клуб хилар. Россехь евзина ца Iаш, дуьненахь а евза иза хIинца. Шен латархой UFC-на юкъабахийтина йолу нохчийн дуьххьарлера латархойн клуб ю иза. Цуьнан вице-президента Дацаев Ислама дийцарехь, оцу декъехь шен кхин а яккхий Iалашонаш йолуш ю клуб.
I.МУРТАЗОВ
№11, пIераска, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де, 2017 шо