ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира 1997–1999-чуй шерашкарчу кегийрхошна юкъахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула республикехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара вайн ДЮСШ, РДЮСШ, ШВСМ-ра спортсменаш. Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толам- хой хилира: Мусаев Акраман (50 кг.) – РДЮСШ, Манаев Мохьмад (55 кг.) – ДЮСШ №3, Бекаев Сулим (60 кг.) – РДЮСШ, Кагерманов Шарип (66 кг.) – Гермачиг, Касумов Мохьмад (74 кг.) – ШВСМ, Ядаев Iумар (84 кг.) – ДЮСШ №3, Джантамиров Хизир (96 кг.) – ДЮСШ №3, Хад- жиев Мохьмад (120 кг.) – Мехкадаьттан-Юьртан ДЮСШ.
Ала деза, чиллин (февраль) бутт чекхболуш турнирехь толам баьккхинчу спортсменаша дакъалоцур ду СКФО-хь хьалхеяккхаран турнирехь.
Иштта, доккха баркалла ала догIу турниран суьдхойн командина: коьртачу суьдхочунна Г.Р.Ибрагимовна, коьртачу секретарана Б.Тулаевна. Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№11, пIераска, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де, 2017 шо