Ахмадова Хьавас кечъеш а, дIахьош а йолчу «Даймехкан аьзнаш» передаче наггахь бен хьажа аьтто ца хуьлу сан. Цхьадика, кхолламан (январь) баттахь цуьнга хьожийла а, цунах ирс, марзо оьцийла а хилира сан. Баккъал а ирс оьцийла хилира, дахаран маьIна долу ойланаш цIанлуш, нохчаллехь чIагIлуш, вайн халкъе, махке болу безам совболуш. Передачин авторна томана ца боху вай и я церан метта ала кхин дешнаш ца карош а ца боху. Ала хьакъ хиларна боху, дагахь ма-хиллара.
Цхьаволчунна дагадан тарло: ма чIогIа, маьIне, мехала передача хила еза иза цунах лаьцна иштта яздеш хилча. Хила еза. Иштта ян а ю иза, суна хетарехь. Къона тIаьхье ийманехь, нохчаллехь, оьзда, гIиллакхе, эхь-бехк долуш, Даймахке, шен ненан матте безам болуш кхетош-кхиорна гIо дечу программех ю иза. Аьлларг тIечIагIдеш кIеззиг бакъдерш а, делилаш а далор тIедужу суна программин цу тайппана мах хадош хилча. Ткъа уьш долуш ду.
Ешархой дуьйцуш долчунна тIекхиийтархьама цкъа хьалха вай юьйцург кхолламан (январь) беттан 15-чу дийнахь «Грозный» телерадиокомпанис гайтина «Даймехкан аьзнаш» передача хилар дагадоуьйту вай. Цунна автора хаьржина хилла иллеш а, эшарш а дуьйцуш долчуьнца зIе йолуш, темица догIуш дара иза, дуьззина хIоьттинчу суьртан цхьа агIо бен ца хиллехь а. Уггаре а мехалниг а, коьртаниг а дара Ахмадова Хьавас, шегарчу артистийн говзаллица, тидам, ойла тIейохуьйтуш хаза дийцина долу халкъан бартан кхоллараллера шира дийцарш.
Адамийн дахарехь нислучу тайп-тайпанчу хьолех лаьцна долу уьш хьовсучарна, ладугIучарна боккха кхетам луш, дахаран ойла йойтуш дара, хьикмате дара. Масала, ша оьцуш пайда а, ирс а доцуш, деши гулдарх. ХIокху дуьнена кIеззигчу ханна веанчо шена яккхий гIаланаш ярх, эхартана беш кечам а боцуш. Воккхачу стагана хиллачу байттамаллех (къоналлин шерашкахь Iамал-Iибадат ца деш леларца). Хьуьнхара лаьцна далийначу исбаьхьачу олхазаран эшаршка ладегIарх, оцу олхазаран кийрахь болу бала, цуьнгахь йолу гIайгIа ца евзаш… Дуккха а кхечунах лаьцна дара дийцарш. Хьекъал, кхетам луш дара.
Вайна хезна, вай дешна дара уьш. Делахь а юха а уьш телеэкранехь хазаро дагна дика тIеIаткъам бора, парталаяла гIерта ойла самайоккхура. Цундела, сов хир дацара оцу передаче шозза-кхузза хьаьжча а, къаьсттина къоначу чкъурана.
Ахмадова Хьаван а, передачашна йозанаш кечдарехь цунна гIо динчу халкъан поэтан Ахмадов Мусан а ницкъ кхаьчна адамийн синкхетам кхиор болчу тIегIанехь иза вовшахтоха. Иштта беркате хуьлу-кх говза динчу муьлххачу а гIуллакхан тIаьхье.
Хь.САИДОВ
№11, пIераска, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де, 2017 шо