Массо а политик а, дерриге а дуьне а, дукхах йолчу пачхьалкхийн куьйгалхой а хIокху тIаьхьарчу масех баттахь Трамп Дональде хьаьжнначохь бисина. «Цо хIун до те? Цо хIун олу те?» – бохуш. Иза дIадоладелла Д.Трампа шен кандидатура США-н Президентан дарже хьалха а теттина, харжамашкахь иза дакъалаца волавелча.

Дукхах болчу политикашна, социологашна дагахь а доцуш, оцу харжамашкахь толам баьккхина Дональда. Иза Iамаркан Президент хаьржина. 45-гIа Президент. Хилларг кхин доккха хIума а дац. Iаламат данне а дац, цунах дан гIертахь а. Иза Президент хаьржина ваьллачул тIаьхьа гуттар чIогIа карзахъевлира Европера пачхьалкхаш а, церан цхьамогIа куьйгалхой а. Францин Президент Франсуа Олланд а, ФРГ-н Канцлер Ангела Меркель а, Великобританин Премьер-министр Тереза Мей а, цаьрца цхьаьна Украинин Президент Порошенко Петр а, кхиберш а Iамаркаца, цуьнан керлачу Президентаца юкъаметтигаш галйовларна кхерабелла, шаьш хIун дан деза, муьлха гIулч яккха еза ца хууш хьаьвзира.
Дерриге а дуьненара зударий гIевттира шаьш США-н керлачу Президентана дуьхьал ду аьлла. И болам дIаболийнарг Iамаркера зударий бара. Церан гIолецира Европин дукхах болчу мехкашкарчу зударша, царна юкъахь бара Кавказан къоьжачу лаьмнашна юккъехь Iуьллучу жимачу Гуьржийчоьнан зударий а. Цара мукъане а хIун леладо? Уьш хезаш а, цаьрга ладугIур долуш а мила ву? Цхьа а вац. Делахь а, тхо а ду шуьца цхьаьна ала гIертара уьш.
Иза а дIадижи. Зударий шайн-шайн хIусамашка бирзи, эрна гIовгIа а йина. Уьш урамашка, митингашка арабаьхнарш а кхин гучу ца бовлуш, дIасевци. Деккъа цхьаъ ду цаьрга даделларг: Трамп Дональд Iамаркан Президент харжаран мехалла дуьненан маьIне хилар гайта гIортар. Иза иштта мехалла йолуш политикин гIуллакх дацахь а.
ХIинца, цуьнца доьзна суьрташ хIиттор жимма лахделча, Европерчу пачхьалкхийн берриге а бохург санна куьйгалхой Д.Трампаца гергарлонаш таса гIерташ хьийзаш бу. Цу тIехь хьалхе яьккхина Великобританин Премьера. Иза, шена бакъо яларх ца тешаш, массарал а хьалха Iамарке дIахьаьдира Д.Трампаца цхьаьнакхета, шайна юкъаметтигашкахь хилла галморзахаллаш дIаевлла хилар гайта. США-н керлачу Президента кхин дIора тергал а ца йира ингалсхойн куьйгалхо. МогIарера хьаша санна тIеийцира иза. Къайладаккха гIиртинехь а, цу шиннан юкъаметтигашкахь, къамелехь херо, шело хаалора.
ДIасакъаьсташ, дуьненаюкъарчу дипломатин гIиллакхашкахь лелаш ма-хиллара, Дональда дIахаийтира герггарчу хенахь ша Великобритани ван лерина хилар. Иза баккъал а цига веана ваьлла моьттуш делахь а, я иза шайн махка ван лерина хилар даздан гIертахь а митингаш йо шаьш бохуш суьрташ хIиттош бу ингалсхой. Цуьнга хьаьжна ца Iаш, важа-м (Трамп) шена дага ма деъана гIур ма вай цига. Делахь а, цкъачунна и хьехош дац.
Карарчу хенахь США-н Президент дуьненахь цIе йоккхуш йолчу пачхьалкхийн куьйгалхошца телефонехула къамелаш деш, церан дагахь хIун ду хьажа гIерташ ву. ХIинцале цуьнан къамел хилла ша президент харжарна дуьхьал хилла йолчу Германин Канцлерца А.Меркельца а, оццу ойланехь хиллачу Францин Президентаца Ф.Олландца а, Украинин Президентаца П.Порошенкоца а, Хонкаран Президентаца Р.Эрдоганца а, кхечаьрца а.
Къаьсттина ала деза Д.Трампан а, Россин Президентан В.Путинан а телефонехула хиллачу къамелах лаьцна. Эха сохьтехь къамел хилира цу шиннан. США-н Президент дика хууш вара Россин Iедало ша харжамашкахь дакъалацар а, цигахь толам баккхар а къобалдеш тIеэцна хилар. Цундела кхечу пачхьалкхийн куьйгалхошца хиллачу къамелех къаьсташ дара хIокху шинна юкъахь хилларг. Хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, Путин Владимира а, Трамп Дональда а дийцаре дира дуьненахь болчу лазамийн а, сингаттамийн а хьокъехь, вовшашца цхьаьнакхета болчу аьттонийн хьокъехь, шина пачхьалкхана юкъара махлелоран-экономикин зIенаш меттахIитторан хьокъехь долу гIуллакхаш. Цара леррина тидам тIебахийтира Шемахь, Палестинин, Израилан юкъаметтигашкахь, Украинехь, Корейн ахгIайренехь, ГIажарийчоьнан ядерни программин хьокъехь, дуьненаюкъарчу терроризман кхерамна дуьхьал къийсам дIабахьарехь долчу хьолана. Вуьшта аьлча, Россин куьйгалла сагатдеш долчу гIуллакхашна ша а саготта хилар хаийтира Д.Трампа. Цул сов, иза гIиллакхе а, оьзда а, ша олучу хIора дешан ойла еш а вара В.Путинца хиллачу къамелехь. Иза коьрта а, мехала а дара. ХIунда аьлча, вайна оьшуш а, мехала а ду Iамаркаца дика юкъаметтигаш хилар. Мел хIуъа дийцича а, тахана дуьненахь дош лелаш ю Iамарк. Цуьнга хьаьжна, цуьнга ладоьгIна Iаш ю Евросоюза юкъайогIу а, оцу юкъахь йоцу а пачхьалкхаш, дуьненара кхийолу пачхьалкхаш.
Делахь-хIета, оцу хьолах нийса пайдаэцар вайгахьа ду. Нагахь санна Iамаркан а, Россин а юкъаметтигаш дика хилахь, Д.Трампана а, В.Путинна а вовшашца бийца мотт карабахь, и шиъ вовшах кхеташ, вовшийн ларам беш хилахь дуьненаюкъара хьал дикачу агIор хийцадалаза Iийр дац. Цунна хир ду ду-кх политикин ловзарш, питанаш лелор дезаш йолу хьогIе Европа тахана тап-аьлла тийна Iаш хилар.
Ткъа Трамп Дональд шен политикин некъан юьхь йоккхачу гIовгIанца дIайолийна, хьалхара гIулчаш йохуш ву. ДIа мел йоккхучу гIулчехь ондда дуьхьалонаш йо цунна оппозицис а, иза карзахйохучу ницкъаша а. Д.Трамп США-н Президентан даржана хьакъ цахилар гайта гIерта и ницкъаш. И гайта ницкъ ца кхачахь а, иза иштта ду моттийта гIерта. И бахьана долуш юкъаралло, ткъа иштта Iедалан цхьайолчу структураша дуьхьало йина керлачу Президента арахецначу дуьххьарлерчу указашна. Царна юкъахь ду мигрантийн хьокъехь долу Указ а. Цуьнца доьзна йоккха гIовгIа эккхийтина Iамаркахоша а, оцу махка дахкар дихкинчу ворхI пачхьалкхан векалша а. Делахь а Д.Трамп юхавала дагахь вац. Иза гIовгIанашка ладоьгIуш вац. Хьалхахьа воьдуш ву. Хетарехь, цхьадолчу хIуманашна бIокъажор болуш а вац. Ша бохуш дерг чекхдаккха хьо- жур волуш а ву. Хила мухха хилахь а тахана цунах кхоллалуш йолу ойла иштта ю.
Шеко йоццуш дерг цхьаъ ду: США-н кхул хьалха хиллачу президентех тера вац Д.Трамп. Чоьхьарчу политикехь цо хIинцале динчу политикин гIуллакхаша а гойту иза. Ткъа арахьарчу политикехь, кхечу мехкашца йолчу юкъаметтигашкахь цо ша муха гойтур ву цхьанна а ца хаьа. Иза хьал толлуш, Iамош, ладугIуш ву. Цхьаьнца къамеле волуш, вукхуьнца къамеле волуш пачхьалкхийн куьйгалхойн дагахь хIун ду, къайлехь латтош хIун ду хьожуш ву. Цаьрца хуьлучу къамелийн хьесапаш деш ву.
ЛадоьгIуш Iаш пачхьалкхийн куьйгалхой а бу. Амма иза дукха дахлур дац. ХIора а пачхьалкх шен хьашташ долуш ю, уьш кхочушдаран гечонаш лоьхуш ю. Оцу гIуллакхна арабевлла политикаш, дипломаташ, леррина службаш ю. Шайн хьашташ кхочушдарехь даима цIена а, хьанал а ца хуьлу уьш. Оцу некъашца дукха мекарлонаш, питанаш, хьагI-гамо, эмгаралла, озабезамаш лела. Вай, могIарера адамаш а тIехь, иза билггал иштта хилар хууш ду, Iедалан векалш ца хьехийча а.
Кхидерг ца хьехийча а, малхбузерчу пачхьалкхаша, Евросоюзо Россица лелош долу питанаш, мекарлонаш, эмгаралла гуш ду-кх вай. Цхьа а бахьана а, бух а, бехк а боцуш, вайн махкана дуьхьал экономикин а, политикин а санкцеш йина. Уьш дIайохуш яц, шайна а зене йоллушехь. Россина дика ца хилчахьана мегаш ду царна иза. Малхбузено а, Европо а, цхьаьна, бертахь, вовшах дага а довлуш дIахьош ю и хьогIе политика. ХIинццалц церан тхьамда а, коьрта хьехамча а США яра. Тахана иза оцу гIуллакхе юьстахара хьоьжуш Iаш ю. Цуьнга хьоьжуш Iаш дуьне а ду. Амма иштта хьал деха лаьттар дац. Вайна хаа дезарг цхьаъ ду: муьлххачу хьолехь, гIуллакх муьлххачу агIор дерзарх а вай вешан Даймехкан патриоташ хила деза, дика а, вуон а юкъара а долуш. ТрампагIар, ОбамагIар, ОлландгIар, МеркельгIар хийцалуш лаьттар бу. Цара хьалхадаьхнарш шайн хьашташ хир ду.
С.ХАСАНОВ
№11, пIераска, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де, 2017 шо