Израилан эскарша Газан декъехь тIом дIаболийчахьана 600 сов палестинхо вийна. Царах дукхахберш маьрша нах бу. Чевнаш йина кхо эзар сов стагана.
***
ХIокху деношкахь Израилехь хилира ООН-н Генеральни секретарь Пан Ги Мун. Цо кхайкхам бира тIамехь дакъалоцучу агIонашка сихонца тIом сацор а, машаран дийцарш дIадолор а доьхуш.
***
Ливин пачхьенера – Триполера аэропорт схьаяккхарехьа тIеман тасадаларш дIахьош долу 12 де ду.
***
Тайландан паччахьа чIагIйина мехкан ханна йолу конституци. Оцо махкара юкъараллин-политикин хьал тодаре сатуьйсу цо.
***
Францехь некъан бохамехь пхи бер а, цхьана машенан водитель а кхелхина. Лазийнарш кхин а шозза алсам бу.
***
Африкин а, Iаьрбийн а мехкашкара хIорда кеманахь Итали богIучу мигрантийн девнаш девлча бIе гергга стагана арсаш диттина. Дов долорна бехке лоруш волу пхи стаг лаьцна Италин полицис.
***
Украинехь дохийначу «Боинг–777» кеманан «Iаьржа яшканаш» Малайзерчу эксперташна дIаелла Донецкерчу ополченцаша.
***
ООН-н Кхерамазаллин Совето Украинехь дIабоьдуш болу тIом сихонца сацор тIедожош резолюци тIеэцнехь а Луганскана а, Донецкана а тIелеташ ду Iедалан эскарш.
***
Украинан Лакхарчу Радахь (парламентехь) тIеэцна эскаре кхайкхаран кхоалгIа мур кхин а бахбаран хьокъехь болу сацам.
***
Бельгехь вовшахкхеттачу Евросоюза юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраша дийцаре дира Россина дуьхьал керла санкцеш яран гIуллакх.
***
Россин Президента В.Путина дIаяьхьначу Кхерамазаллин Советан кхеташонехь дийцаре дира мехкан цхьааллин а, суверенитетан а хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Кху шеран 26-чу октябрехь дуьйна Росси гуттаренна а «Iаьнан ханна» тIеер ю, сахьтан цхьамза кхин цкъа а хьалха-тIаьхьа а хьийзор боцуш.