Нохчийн халкъ кхин хьийзадойтур дац!

ХIокху деношкахь республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира регионан бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочуьнца Межиев Салахь-Хьаьжица, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министраца Умаров Джамбулатаца, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин а, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалшца.

aaaaaaaa_cff79fe5416fe15c5bed4d7c975812c0

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира тIаьхьарчу хенахь нохчийн юкъараллехь даьржина долу зуламаш: питанаш, сагIанаш дехар, берашна шайх зуламаш довлуш долу ловзарш, иштта дIа кхин а.

– Россехь а, ГIиргIизойчохь а, Казахстанехь а чIогIа даьржина цхьа онлайн-ловзарш. Уьш берашна чIогIа кхераме а, зуламе а ду: церан йийсаре даханчу бераша шаьш дойъу. Ишттачарах уггаре а гIарадаьлларг «Сийна кит» ду. Дуккха а дай-наноша кехаташ ду соьга кхохьуьйтуш, шайн бераш оцу зуламах лардар доьхуш. Цул сов, и ловзарш даржа дуьйладеллачу муьрехь, динан цIарах кхайкхамаш а беш, цхьа харц-тобанаш а яьржина. Уьш бусалба нехан уммат дакъошка декъа Iалашо йолуш бу. Харц-Iалашонаш йолчу оцу тобанаша вайца вайн кегийрхой къовсаран тIом болийна, – элира Кадыров Рамзана.

Цунна хетарехь, дай-наной бу шайн доьзалхойх уггаре а хьалха жоп дала дезарш. Делахь а, республикин куьйгалла а, бахархой а юьстахлаттар нийса хир дац.

– Цхьана а дена-нанна шен доьзалхочунна вуон болх хуьлийла луур ду аьлла ца хета суна. Иштта, дай-наноша шайн берашна хьехарш ца до бохучух теша а хала ду. Амма шайн доьзалхо мокъа хан муха дIахьош ву а, цо хIун леладо а, цуьнан хийцавалар а цара тидамза дуьтуш делахь, уьш шайна а, шайн доьзалхошна а вуон болх беш бу. Цундела, тIаьхьарчу хенахь вайна дуьхьал болийнарг, баккъал а, тIом буй а хууш, хIорамма а шен-шен декхарш кхочушдан деза: дас-нанас доьзалхо кхиор, хьехархоша царна дуьненан Iилма хьехар, Iеламнаха царна Ислам-дин довзийтар. Вайна дуьхьал и тIом вайгара вайн доьзалхой схьабахаран а, царах юха нохчийн къомана а, бусалба умматана а лазам хилийтаран а Iалашонца болийна бу, – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо. – Дай-наноша а, республикин хIора а вахархочо а сагатдан деза вайн кханенна. Вайн кегийрхойн амалш кхиъна йовлаза хиларе терра, цкъачунна кхерам бу царна гуонаха, къаьсттина социальни сеташкахь. ДегIан цхьа меже сагатдан йоьлча, дерриге а дегIан синтем буху. Оцу тайппана хила дезаш ду тахана нохчийн халкъ а. Суна кIордийна воьдург а, вогIург а сайн халкъана кочаэхар. Ас кхин хьийзадойтур дац нохчийн халкъ!

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь республикин Куьйгалхочо бусалбанийн динан урхаллина а, шуьйрачу хаамийн гIирсашна а оцу декъехь беш болу шайн болх кхин а жигарабаккхар тIедиллира. Динан а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалша дIахаийтира шаьш республикин куьйгаллина муьтIахь хилар а, нохчийн халкъан а, республикин а дуьхьа шаьш кхидIа а къахьоьгург хилар а.

Цигахь билгалдаьккхина ма-хиллара, дIаболийна зуламечу ловзаршна а, харц-хаамашна а, питанашна а, кхидолчу зуламашна а бехке болу нах а, царах, баккъал а, даьлла долу зен-зулам довзийтаран а болх.

Оцу сохьта гучуделира, лакхахь дуьйцуш долчу цхьаьнакхетаре вайна «сагатдийраш» а хьаьвсина хилар.

Iалхан-ГIаларчу цхьана хIусамехь мел болу салпал а, йийбар а аьтта болу кхиазхой схьалецна хилар а, церан дай-наношка и зен меттахIотта дойтург хилар а хаийтича, «Нохчийн Республикин куьйгалло шен халкъана тIехь латтош йолу къизалла» аьлла, иттаннашкахь статьяш яьржира социальни сеташкахула.

Дешархошка школашка смартфонаш а, гаджеташ а лелайойтур яц аьлла, хаам баьржича, «республикин парламентареш Россин Конституцис бахархошна елла йолу бакъонаш талхош берш» хилира.

Ислам-динан цIарах харц-хьехамаш беш болчу нахана Россин законодательствос хьоьххучу кепара таIзар дийриг хилар хааделча, «бусалба нахана керста йолчу Россин законодательствоца таIзар дан гIерташ хилира республикин куьйгалла».

Билгалдаккха догIу и статьяш а, статьях тардина косташ а, комментареш а нохчийн а, оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь яьржина хилар. Цо, дерриге а сурт ма-дарра схьагойту.

И.ХАСАХАНОВ

№12, шинара, чиллин (февраль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: