Къилбаседа Кавказан экономика кхиорна лерина программаш кхочушъяран хьокъехь долу гIуллакхаш дийцаре дира дIадаханчу кIиранах Пятигорскехь.

Цигахь дIаяьхьначу Россин промышленникийн а, предпринимателийн а союзан отделенийн Координационни советан кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара.
Кхеташонехь дийцаре дира Къилбаседа Кавказан федерельни округ экономикин декъехь кхиоран программаш кхочушъяран а, тайп-тайпанчу дакъошкахь гIуллакхашдаран хьал тодаран а, говзанчаш кечбаран а гIуллакхаш. Цигахь иштта дакъалоцуш вара Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Белавенцев Олег, Россин промышленникийн а, предпринимателийн а союзан президент Шохин Александр, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев, кхиболу официальни нах.
Кхеташо дIайолош, О.Белавенцевс билгалдаьккхира, Къилбаседа Кавказан федеральни округан социально-экономикин кхиоран стратеги кхолларан а, кхочушъяран а эвсаралла бизнесан а, Iедалан а векалийн гIуллакхаш цхьаьнадарх доьзна хилар. Цо дийцарехь, Къилбаседа Кавказан хIора регионехь аьлча санна, кхуллуш технопаркаш ю, цигахь резиденташ цатоар хаалуш а ду. Индустриальни паркашна а, жимачу а, юккъерчу а бизнесан предприятешна а юкъахь зIенаш тийсарехь гIо-накъосталла дар дийхира цо промышленникийн, предпринимателийн союзан векалшка.
Билгалъяьккхинчу союзан президента А.Шохина лакхара мах хадийра Къилбаседа Кавказан предпринимателийн юкъараллин а, Iедалан органийн а юкъаметтигийн. Цо хаам бира Россин Федерацин Правительство 2017–2025-чуй шерашкахь регионийн экономика кхиоран болар сихдарна лерина комплексан план кечъеш а, цуьнан коьрта Iалашо – экономика кхиар, дуьненаюкъарчу тIегIане даккхар а хиларан хьокъехь. Оцу тIехь болх беш ю лакхахь билгалъяьккхина союз а.
Тидам тIебахийта хьакъ ю аьлла билгалъяьхначарна юкъахь ю Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, Россин промышленникийн, предпринимателийн союзан ГIебартойн- Балкхаройн Республикерчу регионан отделенин куьйгалхочо Хажуев Владимира, оццу союзан Кхарачойн-Чергазийн Республикехь йолчу регионан отделенин куьйгалхочо Тамбиев Абубекира, иштта цхьаьнакхетаран кхиболчу дакъалацархоша шайн-шайн къамелашкахь хьахийна йолу теманаш. Кхеташонан жамIаш деш, О.Белавенцевс сацам бира цхьаьнакхетарехь хьахийна йолу теманаш, йовзийтина ойланаш, талла а теллина, план а кечйина, иза кхочушъяаран Iедалан федеральни органашка дIаяларна тIехь болх бийр болу белхан тоба вовшахтоха.
А.ХАСБУЛАТОВА
№12, шинара, чиллин (февраль) беттан 14-гIа де, 2017 шо