Соьлжа-ГIала еана Италерчу футболан тренерийн делегаци. Цу юкъахь бу Европехь гIарабевлла болу Италин «Ювентус» клубан кегийрхойн секторан тренерш Ивано Делла Морте а, Каммарата Фабрицио а, Доардо Доменико а, Алессандро Де Бартоло а. Цхьана шарна контракт а хIоттийна, «Рамзан» цIе йолчу Футболан академин бераш Iамо баьхкина уьш. Контракт кхаа я пхеа шарна яхъян тарлуш ду.

Академехь Iемаш 1999–2004-чуй шерашкара 150 сов бер ду. Оцу кегийрхойх цхьана шарахьлера 25–30 бер вовшах а тухуш хIиттийна тобанаш ю. Цаьрца массаьрца а болх бийр бу тренерша. Нохчийн кегийрхойн футбол Европин тIегIане яккхар а, вайн республикин векалш малхбузерчу футболан къийсадаларшна юкъабахийтар а ю церан Iалашо.
Футболан «Рамзан» цIе йолу академи схьайиллина 2011-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 27-чу дийнахь Кадыров Рамзанан Указаца, тIекхуьуш болу кегийрхой спортаца гергарло долуш хилийтархьама а, берашна юкъахь хир болу спортсменаш билгалбаха а, уьш жималлехь дуьйна кхиоран Iалашонца а.
М.ЮНУСОВ
№12, шинара, чиллин (февраль) беттан 14-гIа де, 2017 шо