ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу мемориальни комплексехь шолгIа дIахьош бара декоративни-прикладни искусствон гайтам. Цигахь дакъалоцуш вара республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Ахмадов Муса, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, искусство езархой, студенташ, кхиберш.

– Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республика Россехь уггаре а хазачу регионех цхьаъ ю. Сихачу боларца кхуьуш йолчу Нохчийчоьне хьовса богIу дуьненан массо а маьIIера дуккха а хьеший а, туристаш а. Шо шаре мел долу алсамболуш бу церан барам. Царна хазахета вайн къоман культура. Нохчийчоьнан безамна вайнехан говзанчаша йина сувенираш хьо туристаша шаьш дIабоьлхуш. Иза тидаме а оьцуш, Нохчийчохь болчу говзанчийн белхаш вовшах а тоьхна дIахьош бу хIара гайтам, – билгалдаьккхира Х.-Б.Дааевс.
Хьовсархойн кхиэле бехкина бара Нохчийчохь вевзаш волчу 35 говзанчин цхьа эзар сов болх. ВорхI декъе бекъна бара белхаш: гипсах, поппарх йина кхийран пхьегIаш; музыкин гIирсаш; къоман духарш; тIулгах, дечигах, ангалех, туьтех йина хIуманаш; аьчках йина хIуманаш; истангаш; дашон а, датон а хIуманаш, иштт а дуккха а кхиерш. Оцу гайтамехь гуш яра нохчийн халкъан культурин хазна а, нохчийн историх лаьцна дуьйцуш йолу коьчалш а.
– Нохчий массо а хенахь хилла куьйган говзалла йолуш. Зама кхуьуш хиларе терра, цхьайолу хIуманаш юкъара дIаевлла. Цара музейхь дIалаьцна шайн меттиг. Вайн заманахь царах цхьаерш совгIатана бен ца ло хIинца. Вайнехан истори езачу хIусамашкахь куьцана дIахIиттийна хуьлу хьалхалерчу заманахьлера сувенираш. Ламасте дирзина генара веанчу хьешана безамна вайн халкъан культура билгалйоккхуш долу совгIат далар, – элира М.Ахмадовс.
ХIораннан а таро хилира шена хазбеллачу белхан говзанча я пхьар вовза, цаьрга хаттарш дан, церан корматаллех дерг довза. Гайтам лаьттар бу чиллин (февраль) беттан 15-гIа де тIекхаччалц.
СЕДИЕВА Марха
№12, шинара, чиллин (февраль) беттан 14-гIа де, 2017 шо