Россин Федерацин уггаре а самукъанечу гIаланех цхьаъ

Россехь дIабаьхьначу хаттамца Нохчийчоьнан пачхье уггаре а самукъане лоручу Россин гIаланашна юкъахь 2-чу меттехь ю.

109922983

Иштта хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмерчу шен агIонехь.

Цо дийцарехь, и тайпа таллам дIабаьхьна Россин Федерацин Правительствехь йолчу Финансийн университето. Хаттам вовшахтухуш уггаре а коьрта лерина медицинин а, дешаран а тIегIа, иштта шен безачу балха хIотта аьтто хилар а, эхь-бехканан жоьпалла хилар а, дуккха кхидерг а.

Республикин Куьйгалхочо билгал ма-даккхара, Соьлжа-ГIалина хьалхара меттиг хьакъ ю.

Соьлжа-ГIалахь хIора денна дIахьо тайп-тайпана мехала гIуллакхаш, форумаш, къаьмнашна юкъара къийсадаларш. Цул сов, республикин пачхьене хьовса туристаш оьху, къаьсттина дукха хIокху тIаьхьарчу шина шарахь. Дуьнен тIехь уггаре а хазачу гIалица – Дубайца юсту вайн гIала. Иза боккха кхиам бу.

Республикин куьйгалло шайн ницкъ кхочучу барамехь Iуналла до республикерчу бахархошна тIехь, къаьсттина кегийрхошна, царна оьшу массо а тайпа хьелаш кхуллу цара. Экономика кхиорехь а яккхий гIулчаш яьхна вайн республико.

«Регионехь медицина а, дешар а, юкъаралла кхетош-кхиор а лаккхарчу тIегIанехь хилийтархьама къахьоьгуш ду вай. Оцу тIехь вайна гIо деш бу регионера жигара кегийрхой. Уьш иштта хилар деза совгIат хета суна. Соьлжа-ГIала ишттачу премийн лауреат кест-кеста хуьлу. Цо гойту вай лаккхарчу тIегIанехь къахьоьгуш хилар. Ас декъалбо Соьлжа-ГIалин бахархой, иштта, баркалла боху пачхьенан мэрана Хучиев Муслимана», – яздо республикин Куьйгалхочо Инстаграмерчу шен агIонехь.

Хь.ДАУДОВА

№12, шинара, чиллин (февраль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: